ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Могушаллин министралла: уггар а уьнах цIена бахархой Нохчийчохь бу


Могушаллин министраллан дахначу шеран статистикаца, Оьрсийчоьнан регионашлахь ГIебарта-Балкхаройчохь а, Нохчийчохь а бахархой кIезиг цомгуш хуьлу. Урхаллан зерашца, цу шинна тIаьхьа йогIу Курскан кIошт. Хьал ледара хааделла Алтайскан кIоштахь а, Санкт-Петеребургехь а, Карелехь а.

Карарчу беттан юьххьехь могушаллин министралло ишта билгалъяьхна онкологаш тIе ца тоьа Оьрсийчуьра регионаш а. 9 республикехь 20 бен вац онколог говзанча.

Доккхачу декъанна Ненецкан автономин гонашкахь (44 эзар вахархо) лор-онколог цхьаъ бен вац дийнна территори тIхеь. Чукоткехь (49 эзар вахархо) – кхо онколог ву.

Билгалдаккхарца, оцу регионашкахь 40 процентехь цIе ца йоккху лазар гучудолу тIаьххьарчу муьрехь. Оцу бахьанца аьтто ца болу лазарх хьалхавала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG