ПIераскандийнахь лаьцна, БуьритIе вигина гIалгIайн блогер Абадиев Муса маьршаваьккхина аьлла, хаамбина цуьнан йишас. "ГIалгIайн къоман тайпанийн кхеташонан" сайте иза язвелла хиларна, хеттарш дан вигинера шаьш аьлла полисхоша, дийцина йишас.
Маршо Радионо яздира пIераскандийнахь, полисхой баьхкина хилла гIалгIайн блогер Абадиев Муса шен доьзалца вехачу хIусаме, цуьнан цIийнах хьовса аьлла. "Кавказ.Реалии" портале девешо Абадиев Тамерлана дийцинера, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера белхахой бара баьхкинарш аьлла.
"Цхьана хIуманна тIаьхьа ца кхии тхо. Халла хиира суна, стенгара бу талламаш дIабахьа баьхкинарш", - аьллера девешо.
ЦIийнах хьоьвсинчул тIаьхьа БуьритIерчу Талламан комитете дIавигина Абадиев Муса аьллера Абадиев Тамерлана.
Абадиев Мусан йишас дийцарехь, церан цIийнах хьоьвсинчул тIаьхьа дIаяьхьна хилла хIусамера компьютер а, телефонаш а.