Махкарчу кхачан башхаллаш зуьйчу Россельхознадзор урхаллин декъо 650 кийла Польшера деана Iежаш хIаллакдина.
Стоьмаш карийна дозанхошна ХIинжа-ГIалин йистерчу цхьана блок-постехула чекхйолу машен толлуш, боху хьукматан пресс-гIоьнчаша.
Дийцарехь, документаш а доцуш дохьуш хилла Дагестане Iежаш. Машенлелорхо жоьпалле озийна Iедало.