ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дерстина бераш масанхьачул кIезиг ду Нохчийчохь


Уггаре кIезиг ду сов дерстина бераш Нохчийчохь. Украинера схьяьккхинчу Севастополехь а, Приморскан махкахь а ду бераш дилхаца гIехьа. Иштта довзийтина Оьрсийчоьнан могашаллин министралло ша стохка бинчу тидамийн жамI.

Сов дерстина бераш массанхьачул а дукха ду Ульяновск, Орел, Рязан мехкашкахь, хаамбо РИА "Новости" агенталло.

Оьрсийчохь дерриг а сов дерстина бер ду 338 500. Царех 97 эзар бер тIех дерстинчу берийн тептара даьхна могашаллин министралло дукха хан йоццуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG