ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мисканаш, сиха буьйлира даймахках". Шемара цIадалийначу берех


Шемара цIавалийна кIант Актоберчу реабилитацин центрехь
Шемара цIавалийна кIант Актоберчу реабилитацин центрехь

Шен жимчу кIантаца а, йоIаца а Шемара Казахстане цIа ерзийначу 24 шо долчу зудчо дуьйцу, даймахкахь керлачу дахарх шен доьзал муха. Баккхийчарначул а берашна аттох ду боху цо дIаэн.

Актобера схьаяьллачу Айжанан (редакцино цIе хийцина цуьнан) кехаташ дисина Шемахь бомбанаш йиттинчу херцаршлахь. Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь "Жусан" цIарца къайлахчу сервисаша йолийначу леринчу операцин гурашкахь цIаерзийра иза шен доьзалца.

Цуьнан шина беран – пхи шо долчу Мухьаммадан а, кхо шо долчу Фатимин а уьш дуьненчу бовларх тоьшаллин кехаташ дац. Казахстанехь ДНК-анализ йира, и ши бер билггал цуьнан дуй хьовсуш.

- Документаш кечдеш дукха хан дIайоьдуш хилла. Кеста кхел ю хир йолуш. Суьдхоша сацам бовзийтинчул тIаьхьа, берашна кехаташ лур ду, - дуьйцу Айжана.

«СО ХИЙЦАЯЛА ЕЗА АЬЛЛА, ХЬЕСАП ДИНА АС"

Азаттык Радион корреспондент цхьанакхийтира Айжанца "Шанс" олучу социалан-психологин центрехь. ЭгIаза, хабаре а йоцуш, еха коч йоьхна, коьртахь тиллина доккха йовлакх долуш яра жима зуда.

Дуьххьара кхуллучу заманчохь, ледарчу дахаран хьелашкахь нисделлачу берашна реабилитаци ян Iалашонца вовшахтоьхнера и центр. Амма, Шемара меттигера бахархой цIакхийла болийча, баккхийчеран а доладан буьйлира цигахь.

КIиранчохь цкъа йогIу ша боху Айжана реабилитацин центре, психологца цхьанакхета. Церан гIоьнца аьтто хилла шен боху цо, кехаташ юхаметтахIиттон а.

- Сайн денцIахь Iаш ю со. Цкъацкъа нисло Iуьйрре цIерайолий со, тIаьххьа юхайогIуш. Оцу заманчохь сан дас а, вежарша терго йо сан берийн. "Шанс" реабилитацин цIентран хIусамехь информацин-аналитикан центрерчу теологашца вовшахкхетарш нисло сан хIора кIиранах. Юкъ-кара акиматехь а, маьждигехь а дIахьочу барамашкахь хуьлу со. ХIинца бедарш тега Iемаш ю со курсашкахь, - дуьйцу Айжана.

Шемара цIаялийна зуда ю психологца къамел деш
Шемара цIаялийна зуда ю психологца къамел деш

Актюбинскерчу колледжехь доьшуш хиллера Айжан 2013-чу шеран аьхка ша Шема дIаяхале. Дизайнер хила лаам бара цуьнан. Интернетехь Жезказганера цхьа жима стаг вевзинчул тIаьхьа, цо кхечу пачхьалкхе дIадахийта вайшиъ бохуш, динчу дехаршна тIаьхьа а хIоьттина, Гергарчу Малхбале дIаяханера иза.

- Сан берийн да – Жезказганера ву. Мисара ваханера иза динан Iилма карадерзон, цигара дIавахана хиллера Шема а. 2013-чу шеран бIаьста сан 18 шо дуьзира. Паспорт схьаэцначул тIаьхьа Туркойчу дIаяхара со Бишкекехула, цигара дIа – Алеппо олучу Шеман гIала а кхечира. Цигахь цуьнан цIартIе елира со.

22 шо долу сан цIийнда вийра 2016-чу шеран Лахьан-баттахь. Вуон чевнаш йинера цунна, деа дийнахь Iийра иза кхетамчуьра ваьлла. Со кхийтира, иза толур воций. Цул тIаьхьа "бисина зударий" латточу хIусамехь дIатарйира со, - дагалоьцу Айжана.

Цо дийцарехь, юьхьанца бисинчу зударшна хIора баттахь 50 доллар кхачош хиллера, ткъа берашна 35. Юург-мерг а, тIедухург а, хIусамехь оьшу цхьацца гIирс а латтош хиллера царна. 2018-чу шарахь ахчанца деш хилла гIо юкъахдаьккхира, цул тIаьхьа хене йийла хала хуьлура шена боху Айжана.

Шаьш "бисинчу зударийн хIусамехь" чIогIа бертахь Iара бохуш, дуьйцу зудчо.

- КIиранчохь хIора пIераскандийнахь тхайн берийн самукъадаккха цхьацца барамаш хIиттабора оха. Сатуьйсура оха марха дастаре а, ГIурбане а. Оха ца даздора, кхечу дуьненан пачхьалкхашкахь санна, вина денош.

КIант вийначул тIаьхьа Жезказганехь еха Айжанан марнана сагатдан юьйлира шен кIентан берашна а, несана а. Кест-кеста Казахстанерчу компетенте йолчу органашка кехаташ яздора цо, шен нус а, цуьнан доьзал а цIаберзор доьхуш.

Шеман къилба малхбалерчу Багхузехь хиллачу шен несе телефон тоха аьтто а баьллера цуьнан, мухIажирийн куьпа хьайн аьтто ма хилла дехьаяла а олуш.

Кху шеран Чиллан-баттахь, шен марнанас аьлларг а дина, ал-Хол олучу куьпа кхача ницкъ кхечира Айжанан. Цигахь шина баттахь хан яьккхира цо а, цуьнан шина беро а. Цул тIаьхьа Казахстане цIаян аьтто белира.

- Казахстане цIа ян сайн аьтто буйла хиъча, ойла йира ас: со "хийцаяла" еза аьлла. ХIунда аьлча, ас сагатдора сайн берийн хиндолчунна. Суна лаьара цаьрга дешийта.

"Шанс" олучу реабилитацин центре сайца лелош ву ас сайн кIант, цигахь хьехархошца хан хьо цо. ЙоI хIинца а жима ю. Адамашца чIогIа ийна ю иза, хьаьнцца а бийца мотт а карабо. Цуьнан да а вара ишта. Керлачу дахарх бераш сиха дIадуьйлира, - боху Айжана.

"Шанс" реабилитацин центран хIусам
"Шанс" реабилитацин центран хIусам

«ДАЛЛА ДУЬХЬАЛ БАХНА УЬШ" ШЕМАРА ЦIАБАЛИЙНАЧАЬРЦА ДIАХЬОЧУ БАЛХЦА IИТТАЛО ХАЛОНАШ

Актюбинскерчу реабилитацин "Шанс" центран филиалан куьйгалхочо Нурмагамбет Айдана дийцарца, "Жусан" операцин гурашкахь Шемара Актобе цIаялийна 10 зуда а, 25 бер а. ТIемаш лаьттачу пачхьалкхехь байина пхеа беран дай а, наной а. Бераш церан гергарчара шайн доьзалшка дIаэцна. Шемара цIадалийначу берех уггар а воккхачун 12 шо ду, жимачун 3 бутт.

- Стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна къахьоьгуш схьадогIу тхо, бераш школе дахийта кечдеш. Иттех бер ду кху шара школе доьдуш. Бисинарш берийн бошмашка дIатарбеш бу. Дика хIун ду аьлча, кегий бераш сихох дIаоь керлачу хьелех.

Даккхийдоь тхо хIора а беран кхиамех. Масала 11 шо долчу Ботагоза йоццачу хенахь караерзийра дукхахйолу дисциплинаш. ХIинца кийча ю иза пхоаьлгIачу классе деша дIаяха.

Цкъа а школехь хилла яц Ботагоз, амма Шемахь цуьнан нанас Iамийна хилла цунна элпаш а, кхидерг а, - дуьйцу Нурмагамбет Айдана.

Актаухь йолчу реабилитацин центран филиалехь Стигалкъекъа-баттахь бевзина социалан хьехархочунна Жакудолла Ырзагульна Шемара цIабалийнарш.

Казахстанан массо а маьIIерчу говзанчаша реабилитацин программан хьалхара курс дIаяьхьира Шемара Актау балийначаьрца, Ырзагула дийцарехь.

Центрера социалан педагог Жакудолла Ырзагуль.
Центрера социалан педагог Жакудолла Ырзагуль.

​- Юьхьанца Актаухь йолчу реабилитацин центрехь латтош бара Шемара цIаберзийнарш, цул тIаьхьа шаьш баьхначу гIаланашка дIасахьовсийра. Доккха гIо хилира тхуна цунах, хIунда аьлча, тIемаш лаьттинчу меттигашкара цIабалийначу нахаца болхбан зеделларг дацара тхан. Шаьш Шемахь лайначух цара дуьйцучу заманчохь бIаьрхиш совцон ницкъ бацара тхан юьхьанца.

Масала, 12 шо кхаьчна йоI-буобер. Цо дуьйцу, цхьана дийнахь бомба шайн цIенна тIе а йоьжна, цу чохь шен нана а, вежарий а байинчул тIаьхьа, ша кхобуш йолу зуда йолчахь буьйса яккха ша сацарх. Оцу жимчу йоIа ша дIабоьхкина хиллера уьш. Цхьа собаре цо дуьйцура шен гергарчех, "Далла дуьхьал бахна уьш" а бохуш.

ТIом цкъа а гина боцчу баккхийчарна хала дара цаьрга ладегIа, - боху социалан хьехархочо Жакудолла Ырзагула.

"Шанс" реабилитацин центро болх бо Шемара цIабалийначаьрца масех агIор. Психологин, юридикан, педагогикан, медицинан гIо латтадо говзанчаша царна. Аьтто бо деша бохуьйтуш а, балха хIиттош а, мукъа хан йойуш а. Баттана, шина баттана аьлла, хан тоьхна бац центран белахахоша бен болх. Шемара цIаберзийнарш дIашарбелла, баха буьйлабаллац царна уллохь хир ду шаьш боху "Шанс" центран белхахоша.

Карарчу хенахь Шемара цIа еана итт зуда ю цу центре оьхуш. Дукхахберш бисина зударий бу, конфликт лаьттинчу территореш тIехь байина церан цIийндай. Бу царлахь цхьацца бахьанашца шайн хIусамдайх дIа а къистина, шайн берашца Казахстане бухабирзина зударий а.

Шемара Актау балийна, берашца болу зударий, цIа ма кхаччий Актобе дIахьовсийра, цигахь шайн гергарчу нахах дIакхийтира уьш. Реабилитацин центрехь Iаш доьзалш бац, баха меттиг йоцу зударий банне а бацара цаьрца.

- Дуьххьара кхоьруш, ийзалуш, цатешамца бара и зударий. Дукха хан йоццуш юха йинчу психодиагностико гайтарца, мел а хьал тоделла догIу хIинца. Стрессех бовлуш бу уьш де дийне.

Берех дерг аьлча, юьхьанца тхо гича а кхоьрура уьш. ХIунда аьлча, никIаб лелош зударий болчу меттигера баьхкина бара уьш.

Даим а Шемахь хан яьккхина кегий бераш кхето хала дара, шеран шен-шен заманаш хуьлу бохучух. Беркъа дара дуккхаъчийн оьрсийн а, казахийн а меттанаш. Шеман диалектерчу Iарбойн матте а боьрзуш, къамел до цара, - боху центран психолога Ибадуллаева Жайсана.

Реабилитацин центрера психолог Ибадуллаева Жайсан
Реабилитацин центрера психолог Ибадуллаева Жайсан

Шемара цIаберзийначарна реабилитаци ярехь пачхьалкхан организацийн белхахошца цхьана къахоьгуш бу пачхьалкхца йоьзна йоцчу "Шанс" а, "Ансар" а центрийн говзанчаш а.

- Стигалкъекъа-баттахь дуьйна хIинццалц сан дине хилла хьежамаш хийцабелла кIорггера. "Ансар" центран теолог Талдыбаев Толеген бахьана долуш нисделла и. Актаухь йолчу центрехь вевзинера суна иза. Нанас дена вина ваша санна, уллора ву суна иза хIинца. Цхьа халонаш тхуна тIехIиттича, сагатдо цо, догэца гIерта, хьехарш до.

Суна хезна, Шемара цIабирзина Кызылордара зударий цуьнца телефонехула дагабуьйлуш, - боху Айжана.

Шина беран ненан Айжанан 24 шо ду. Духарш кхуллуш, дизайнер хила Iалашо ю цуьнан. Къегина сирла бедарш тегна цо хIинцале а шен берашна.

Дукха хан йоццуш Жезказганера шен марнана еанера боху цо ша йолчу, шен кIентан ши бер ган. Шен а, берийн а цхьадолу документаш нисделлачул тIаьхьа Жезказгане яха дагахь ю иза, шен марзхой бовза.

Интервью дIаяьхьнарг казахийн Азаттык Радион корреспондент:

ЖУРСИН Жанагуль

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG