ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь – хьега кхоьллина мохк


Гелисханов Бисолта, ша Ялсамане воьдуш санна, воьду Энгана. Амма деххачу шерашкахь наггахь бен хирг а дац иза. Цо марзо оьцу Нохчийчоьнах, дайн юьртах, ткъа юьртахоша цуьнгара – лоьралла. Доктор Гелисханов вовза вахара Маршо Радион корреспондент иза волчу. Амма Бисолтина коьрта хийтира уггаре хьалха шен орам бовзийтар. Да вийцар, генарчу даймахке болу безам балхор. ЛадугIучун дог а делхош, Нохчийчоь йийцар хьалхадаьккхира Бисолтас. Веха меттиг ГIиргIазойчоь хиларе терра, ларам бу цуьнан оцу махке, амма даймохк…, хилацций иза-м цхьаъ бен.

XS
SM
MD
LG