ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наполеонна дуьхьал хилла нохчо


Рубо Францан сурт

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:59 0:00
Линкана тIе

Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь вина де ду уггар кху дуьнентIехь вевзаш волчу корсиканхочун Наполеонан Бонапартан (18-чу бIешаран шолгIачу декъехь дуьйна Корсика дакъа ду Францин).

Наполеон исторехь висина 1804-чу шарахь дуьйна Францин император хиларца. Европехь дуккха а толамаш баьхначул тIаьхьа 1809-чу шарахь ша цхьаъ цигахь лидер висинчул тIаьхьа цо 1812-чу шарахь тIом болабо Оьрсийчоьнца.

Цу тIамехь шайн хьуьнар гайтира Кавказера схьабевллачу наха. Иштта 1812-чу шарахь болабеллачу Наполеонан Францица хиллачу Даймехкан аларца бевзачу тIамехь дакъалоцуш бара вежарий Петр а, Роман а БогратионгIара а, эрмалой Мадатов Валериан а, Бебутов Василий а, ткъа иштта цхьамогIа гIалгIазакхийн дакъош а.

Французашца хиллачу тIемашкахь дакъалоцуш бара тIемаш беш Париже кхаьчна гIалмакхой а, Къилбаседа Кавказера ламанхой а. Къаьсттина билгалвелира цу тIамехь иза болалуш ротмистран чинехь хилла Чеченский Александр (велла инарлан чинехь 1834 шарахь).

Чеченскийн кхоллам тера бу иза санна тIемаш боьлхуш ягийначу ярташкахь карийна Оьрсийчу дIадигинчу кхечу нохчийн берийн кхолламех. Царах ву суртдиллархо Захаров Пётр а, поэт Розен Акбулат а (Айбулат, Константин), инарла Чеченский Валериан а.

Жима кIант волуш Чеченский йийсаре лаьцна хилла оьрсийн эскарш Аьлдана тIелеттачу хенахь. Хууш ду цуьнан цIе Iела хилла хилар. Иза кхобуш-кхио шен доьзале эцна хилла Раевский Николайс. ТIаьхьо цунна цIе тиллина - Чеченский Александр Николаевич.

Нохчийн кIант кхиина Малороссехь Каменка эвлахь, Раевский Николайн нана Екатерина Николаевна йолчехь. Чеченскийс чекхъяьккхина Москох университет. Шен эпсаран карьера йолийна цо ГIизларахь.

Наполеонна дуьхьал партизанин тIеман турпалхочо Давыдов Дениса иштта яздина Чеченскийх лаьцна: "…бер долуш Нохчийчуьра валийна волу Оьрсийчохь кхиина волу. Лохча дегIехь а волуш, векъна, меран дукъ тӀедаьлла, къийган тIоман басахь Iаьржа месаш, аьрзочун хьажар. Амал луьра, кура а, туьйр доцу а, доттагI я мостагI, доза доцуш хьуьнаре, сихаллица кхетамалла а, хадаме хилар а долуш".

Ша язйинчу дневникашкахь Давыдовс сих-сиха хьехадо Чеченскийс куьйгалла дечу эскаран тобано Наполеонца тIом боьдуш майра а, сабIаьрзе а лелийнарг.

1813-чу шарахь Францин императоран арми эшайолаеллачул тIаьхьа Чеченскийс куьйгалла дечу эскаран тобано дакъалоцу Дрезденна гергахь хиллачу тIематасадаларшкахь. Цигахь совгIат а до цунна, полковникан чине а воккху иза.

Оццу Давыдовс яздо шен дневникехь: "Селхана Дрездене бIаьргтухуш лийлира со. Хьалхарчу Бугски полкан буьйранчалла деш волу ротмистр Чеченский тIамехь билгалваьлла, иза цо деш Iедал ду".

1814-чу шарахь Лион гIалана гергахь хиллачу тIематасадаларшкахь дакъалоцу Чеченскийс. Кхечу эскаршца иза Париже кхочу. Оьрсийн паччахьо мидал ло цунна "Парижана чувахарна" цIе йолу.

1822-чу шарахь Чеченскех инарла хуьлу. Псковн кIоштарчу Бежаницы кIоштахь именех цхьаъ хуьлу Чеченское цIе лелош.

Шен хенахь Чеченский Александран цIе язйина хилла "Храм Христа Спасителя" олучу килсан пена тIехь, сийдолчу Георгин 4-чу тIегIанан орден еллачу кхечу эпсарийн цIершна юкъахь.

Чеченский велла 1834-чу шарахь, хетарехь, Дрезденехь.

Хьажа комменташка (1)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Герз тоьхна стаг верах ялочу версех теший шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG