ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. "Нускал" (Баллада)


Хасаров ШаIрани
"Нускал"
(Баллада)
Лам боьлхуш бIаьстенан буса
Корах чу хьаьжна нурс санна,
Лар юьтуш дегнашчухула
ДIадаха тапъаьлла тата.

Тийналла тIехь Iен га хадош,
КIантана езна йоI ялош,
Сан дагна дахарца гилгаш.
Иштта ду Нохчийчохь гIилкхаш!

И нускал ша волччу доссий
Яхь йолчу доттагIчо кIентан.
Ерриг юрт юьхькIайча хIоттий
Нус хилла хьаьвзинчо керта.

Нускал цIа дуьгуш, некъ лоьцуш
Машенаш ю новкъахь совцуш.
Хьан боху лаьмнашкахь лелла
БIешерийн гIилкхаш ширделла?!

Ловзаргахь ву жима-воккха.
СовгIаташ ду керта дохуш.
Дуьне а хетало готта
ЙоIаца кIант хелхаволуш!

Маларш цу шуьнехь тIех Iена.
Даарша сеттайо пхьегIаш.
Цхьаъ воллу, цхьа совгIат даккхан,
Хаьхкина, дин цIа чу баьккхан!

Сакъерар суьйренга даьлла,
Ловзаран тхьамда ву гIоттуш.
Кирхьанна нур хилла даьгна,
КIайн нускал ду хитIа доккхуш.

Хин тогIехь даздеш бу пондар
Керла нус хи эца кховдар.
И хи ду, хIусаме кхелхарг,
Ирсана тIаьххьара дезнарг.
1979 шо

Хасаров Темуркъин ШаIрани вина Казахстанехь Кзыл-Ордан мехкан Терень -Узецки кIоштарчу Кокжиде юьртахь 1953-чу шеран 22-чу октябрехь.

Цо дешна Нохчийчохь ша вехачу Дишни-Веданарчу юьртан школехь. Цул тIаьхьа агрономан говзалла караерзош 1972--чу шарахь чекхъяьккхина Серноводскера юьртабахаман техникум, ткъа 1982-чу шарахь чекхъяьккхина хIинца Владикавказ олучу гIалахь хилла Ламанхойн юьртабахаман институт. 1972-1974-чу а шерашкахь гIуллакх дина Советан эскарехь.

Тайп-тайпана белхаш бина комсомолехь, "Колхозан дахар " Веданан кIоштан газетан редакцехь, юьртабахаман декъехь, КПСС-н Веданан райкомехь.

Дахаран доккха дакъа дIаделла хьехархочун балхана - дерриге а 25 шо, цуьнах 20 шо дIадахана юьртарчу школехь берашна хими а, биологи а хьоьхуш.

Кхоллараллин некъ дIаболийна 1971-чу шарахь. 1986 чу шарахь «Сатасаран сахьт» байтанчийн гуларехь стихийн цикл араяьлла.

1991-чу шарахь араяьккхина "Дашон хьоза" цIе йолу берийн стихийн гулар. Ехха зIе латтийна берийн "СтелаIад" журналца, баккхийчеран стихаш араевлла нохчийн журналашкахь а, газеташкахь а.

2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан яздархойн бертан декъашхо ву, 2011 чу шарахь "Республикан хьакъволу журналист" цIе тиллина поэтана.

Веданарчу "Керла дахар" газетехь корреспондентан цIарах болх бина цо.

Хасаров ШаIрани кхелхина 2020-чу шеран Зазадоккху-беттан (март) 22-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG