ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Лаьмнашка


Хасаров ШаIрани
Лаьмнашка

Олхазар доьдийца совгIатна мас йожош
Шун тIулгийн тархаш тIе, лаьмнаш.
Акха и акхаро доьдийца чо божош,
Ша хедош акха шун Iаннаш.
Ас шоьца хIун дита?
Ас шуна хIун дита?
Тахна шух къаьсташ сайн декхарна?

Декъазчу кхолламо ямарчий летийна,
ХIетте а даккхийдеш дахарах,
Юучу сискална, суна коч-хечина
ХIинццалц схьа да-нана дацарна.
Шоьца ас дог дуьту,
Юха ван дош дуьту
Сайна шу, шуна суо иэшарна.

КIант волчу цу кIанта, дай кIезиг хестабеш,
Шен дахарх йо дена гIовла.
Дагна- ма бала беш я дийнна гIала еш
Цхьа дош а тоьаш дай довха?!
Аьлла дош дети ду.
Алазниг деши ду.
Кхин мел дерш жоьпаш ду хеттаршна.

Хасаров Темуркъин ШаIрани вина Казахстанехь Кзыл-Ордан мехкан Терень -Узецки кIоштарчу Кокжиде юьртахь 1953-чу шеран 22-чу октябрехь.

Цо дешна Нохчийчохь ша вехачу Дишни-Веданарчу юьртан школехь. Цул тIаьхьа агрономан говзалла караерзош 1972--чу шарахь чекхъяьккхина Серноводскера юьртабахаман техникум, ткъа 1982-чу шарахь чекхъяьккхина хIинца Владикавказ олучу гIалахь хилла Ламанхойн юьртабахаман институт. 1972-1974-чу а шерашкахь гIуллакх дина Советан эскарехь.

Тайп-тайпана белхаш бина комсомолехь, "Колхозан дахар " Веданан кIоштан газетан редакцехь, юьртабахаман декъехь, КПСС-н Веданан райкомехь.

Дахаран доккха дакъа дIаделла хьехархочун балхана - дерриге а 25 шо, цуьнах 20 шо дIадахана юьртарчу школехь берашна хими а, биологи а хьоьхуш.

Кхоллараллин некъ дIаболийна 1971-чу шарахь. 1986 чу шарахь «Сатасаран сахьт» байтанчийн гуларехь стихийн цикл араяьлла.

1991-чу шарахь араяьккхина "Дашон хьоза" цIе йолу берийн стихийн гулар. Ехха зIе латтийна берийн "СтелаIад" журналца, баккхийчеран стихаш араевлла нохчийн журналашкахь а, газеташкахь а.

2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан яздархойн бертан декъашхо ву, 2011 чу шарахь "Республикан хьакъволу журналист" цIе тиллина поэтана.

Веданарчу "Керла дахар" газетехь корреспондентан цIарах болх бина цо.

Хасаров ШаIрани кхелхина 2020-чу шеран Зазадоккху-беттан (март) 22-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG