ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

17 шо кхаьчна Ханкалахь Ми-26 Оьрсийчоьнан тIеман беркема чудаийтина


Нохчийчоь -- Ханкалана гергахь чудаийтина Оьрсийчоьнан Ми-26 тIеман беркема, 2002
Нохчийчоь -- Ханкалана гергахь чудаийтина Оьрсийчоьнан Ми-26 тIеман беркема, 2002

Нисса 17 шо даьлла нохчийн тIемалоша Ханкалахь Ми-26 тIеман беркема чудаийтина. Оьрсийчоьнан тIеман авиацехь уггар кIоршамечарах лоруш бу и хилам.

2002-чу шарахь Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь ,тIехь 142 эскархо а, 5 пилот а волуш, Мазлакера гIаьттина беркема нохчийн тIемалоша ПЗРК «Игла» ракета тоьхна чудаийтира Нохчийчуьра оьрсийн коьртачу тIеман базина Ханкалана гергахь сарахь 5 сахьт долуш. Галдаьккхина беркема охьадоьжнера минанаш ехкинчу ара.

И бахьана долуш вийра 117 эскархо, кхин а 10 велира хиллачу чевнех тIаьхьо госпиталшкахь.

Талламхойн версица, беркема чудаийтина "Игла" ракетан комплекс тоха кечйина аьлла валлалц хан тоьхна 2004-чу шарахь чувоьллира иза чудоуьйтуш видео яьккхина Нохчийчоьнан вахархо Джантемиров Докка. Кхин а 4 шо даьлча оцу бехктакхаман гIуллакхехула, герз оьцуш дакъалаьцна аьлла, бехкевина чувоьллира кхин а 3 стаг - Мациев Султан а, Салаватов Шамсутдин а, Хабибулаев Висхан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG