КIирандинахь муьлш бу ца хуучу наха лачкъийнера Дагестанерчу Хасав-юртан кIоштарчу Теречное эвлан вахархо Исаев Кемран, хаам бо "Кавказ.Реалиино. Цуьнан гергарчара дийцарехь, машенахь вогIу иза сацийна нуьцкъаша дIавигина хилла Советское а, Теречное а эвланашна юкъахь трасси тIехь.
ТIаьхьо царна хиина Исаев полицехь хилар. Цунна бехке дуьллуш ду бакъо йоцуш герз лелор. Болчу хаамца, цу стага бехк шена тIелаьцна. Гергарнаш тешна бу цо иза дина бохучух, полисхоша шена ницкъ бар бахьана долуш.
Оршотан дийнахь Хасав-юртарчу полицин декъана хьалха гулвеллера 200 сов стаг. Цара доьхург дара Исаев дIахецар.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?