ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Смартфонаш лелор дихкина Нохчийчуьрчу школашкахь  


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дешаран процесс йоьдуш смартфонаш лелор дихкина Нохчийчохь, хаам бо ТАСС агенталло, цу республикерчу дешаран министрана Байханов ИсмаьIилна тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, цу хьокъехь сацам бинарш ю дай-нанойн комитеташ, хьехархойн юкъаралло гIортор а еш.

- Нагахь беро смартфон школе еанехь, цуьнан аьтто бу иза леррина кечйинчу меттигехь а йитина, урокаш чекхйевлча иза схьаэца, - боху Байхановс.

Министро дийцарехь, хIора хьехархочуьнгахь телефон ю эшахь деца-ненаца зIе латто. Цуьнца цхьаьна дешархошна дихкина дац школе бахка могIарера мобилан телефон а йохьуш.

Хьалхо Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Оьрсийчоьнан дешаран министралло хьахийна школашкахь мобилан телефонаш лелорна доза тоха дезарх лаьцна. Цу хьокъехь хьехар дина Роспотребнадзоро а, Рособрнадзоро а, Оьрчийчоьнан дешаран академино а, дуьйцуш ду министраллан сайта тIехь.

И хьехамаш регионашка хьовсор бу керла дешаран шо доладалале. Царна бухе йиллина ю школашкахь мобилан телефонаш лелоран дуьненаюкъара зеделлачун анализ.

Иштта, цу талламашца а догIуш, школехь урок йоьдуш мобилан телефон лелорна доза тоьхча дика хир ду аьлла хеташ бу 61% дешархой а, 89% дай-наной а, 90% хьехархой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG