ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочун кIентан кIант хоккеист Калиниченко Илья чувоьллина терроризм бакъ ларарна


Калиниченко Илья
Калиниченко Илья

Томскерчу хоккеистана Калиниченко Ильяна 5 шо хан тоьхна колонехь яккха, терроризм бакъ ларарна. Цунна дихкина 2-на шарахь интернетах пайда эцар.

Цунах лаьцна хаам бина "Итерфаксо", Оьрсийчуьрчу Талламан комитетан меттигерчу урхаллан зорбанан сервисна тIе а тевжина. Агенталло билгалдаккхарца, Калиниченко – Казахстанан махкахо ву.

Талламхойн версица, 23 шо долу Сибрехан студентийн хоккейн лигерчу клубан хоккейн-кевнахочо" Калиниченкос "ВКонтакте" шен агIонехь кхечу цIарца посташ хIиттийна уггар гIовгIане Оьрсийчохь хиллачу теракташна гIортор еш. Террорхой бакъ лоруш цо хIун яздина дуьйцуш дац.

Калиниченкон нанас дIахьедар дина, шен кIантана ца хаара ша терроризмана гIортор еш хиларх лаьцна аьлла.

"Ильян деда нохчо ву, цундела бусулба дин тIеэцна цо. Цкъа социалан машанехь сурт хIоттийнера цо, йоIарша мелла а оьзда духар лело дезара аьлла, ткъа тIаьхьо хиина изза цхьана террорхочо аьлла хилар", -- дийцина нанас "Интерфаксе".

Цо бинчу хаамца, доьзална а, Ильян накъосташна а и кхел нийса ца хета. Уьш дагахь бу суьдан сацамна латкъам бан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG