Шелахь дина даьлла "Бусалбанийн дозалла" цIе тиллина керла маьждиг. Меттигерчу Iедалша чIагIдо иза Европехь уггар доккха ду бохуш.
"Бусалбанийн дозалла" схьадоьллур ду Товбеца-беттан 23-хь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу дийнахь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.
5 гектар сов лаьтта тIехь дан долийра Шелара маьждиг, "Шали-Сити" комплексна гена доццуш. 2012-чу шеран ГIуран-баттахь болийра цу тIехь белхаш. Цунна чутарлур ву 20 эзар стаг.