ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист Гаджиев политикан тутмакх лаьрра "Мемориало"


Дагестан -- Гаджиев Iабдулмумин ХIинжа-ГIаларчу кхелехь
Дагестан -- Гаджиев Iабдулмумин ХIинжа-ГIаларчу кхелехь

Оьрсийчуьрчу "Мемориал" бакъонашларйон центро политикан тутмакх лаьрра терроризмана ахча гулдина, бохуш бехке веш волу Дагестанера журналист Гаджиев Iабдулмумин. Бакъонашларъярхоша декхарелахь дина Iедалш иза сихонаца маьршаваккха.

Гаджиев лаьцна терроризмана ахча гулдарна а, цо терроран вовшахтохараллехь дакъалацарна а шеко йолуш. Цуьнан гIуллакхехула оццу статусехь ву кхин а 10 стаг, шайна юкъахь бусалба дин хьехархо Саситлинский Абу Iумар (Ахмеднабиев Исраил) а волуш. ТIаьхьарчу хенахь и стаг вевзаш ву Африкерчу шен гIо-накъосталлин проекташкахула. Цигахь гIунаш яха ахча гулдеш ву Ахмеднабиев.

Талламхойн версица, цара жоьпе озийначара ахча гулдина Саситлинскийн "Ансар" а, "Мухаджирун" а, "Амана" а гӀо-накъосталлин фондашка, "Исламан пачхьалкх" экстремистийн вовшахтохараллана иза лур дуй шайна хуъушехь.

Ша левеш Гаджиевс аьлла, шена цу нахах вевзарг цхьа Саситлинский бен вац аьлла. Шена иза вевзира, боху журналисто, 2011-чу шарахь, иза, интервью эцахьара шегара аьлла, "Черновик" газетан редакци веача. Гаджиевс дийцарехь, вовше вистхуьлуш цу шиммо хьехийнарш яра "юкъара теманаш".

Гаджиевс кхин уьйраш ца латтийна Саситлинскийца. Цул сов, журналисто дийцарехь, цунна ца евза талламхоша Саситлинскийс терроризмана ахча латтийна, бохуш юьйцу гIо-накъосталлин фондаш.

Мангалан-беттан 16-чохь, ХIинжа-гIаларчу Советски кIоштан суьдехь ша дIалаца сацам бича, Гаджиевс тIе ца лецира шега кховдийна бехк. Ткъа шена дуьхьал Тамбиев Кемалера тоьшаллаш даьхна цу стагана ницкъ а бина, элира цо.

Гаджиев дIахеца декхарелахь дина Оьрсийчуьра Iедалш журналисташ Iалашбаран дуьненаюкъарчу Комитето а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG