ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун хилла Бакаевн телефонах?


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, иллиалархо Бакаев Зеламха а
please wait

No media source currently available

0:00 0:03:24 0:00
Линкана тIе

Вайначу нохчийн иллиалархочун Бакаев Зеламхан гIуллакхехь дисина хилла цхьаъ бен доцу тоьшалла дайна. Цо гайта тарлора тIаьххьара иза латтийна хилла меттиг. Юьйцург ю артистан телефонан лоьмар. Кхечу стеган цIартIехь ю иза хIинца. Бакаев Зеламхан лоьмар Москварчу "Билайн" компанин долахь хиллехь а, хIинца нохчочун цIартIе яьккхина хилар билгалдаьлла.

Соьлжа-ГIалахь 25 шо долу иллиалархо Бакаев Зеламхан вайна ши шо дуьзна. Таханалерачу дийне кхаччалц схьа цуьнан кхолламах цхьа хаам бац талламчашкахь. Бакаев дийна воцу дукккха хан ю аьлла, тешна бу Нохчийчуьра дукхахболу бахархой.

Кху беттан 9-чохь "Кавказ.Реалиин" корреспондентан тидам хилира, Бакаевн хиллачу телефонан WhatsApp-ан мессенджерехь сурт хийцина хиларх. Оцу лоьмарца зIене ваьллачу цунна хиира, сим-карта Мохьмад цIе йолчу стеган долахь хилар.

Нохчийн хуьлучу акцентехь жимчу стага жоп деллера, ах шо хьалха ша лоьмар эцна а ю, Зеламхех лаьцна шена хууш хIуммаъ а дац аьлла. Цул тIаьхьа керлачу долахочо шен мессенджерера сурт а хицира.

"Кавказ.Реалии" порталца хиллачу къамелехь Бакаев Зеламхан нанас Маликас хаамбира, шен кIентан хилла мобилан телефонан лоьмар, тоххарехь кхечун цIартIе яьккхинера, амма цул тIаьхьа Зеламхан дас Москвахь цуьнгара схьаэцнера, мах белла аьлла.

"Лоьмар цуьнан дегахь хила декхар ду. Суна билггал хаа-м ца хаьа, йа и цуьнга хатта аьтто а бац сан", - аьлла нанас.

Ишта Маликас тIечIагIдина, шен кIант вайчхьана цунах лаьцна талламчаша кхачийна цхьа кост дац шайга аьлла.

Кху беттан 20-чохь "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто кехат дахьийтира "Вымпелком" компанига, Бакаевна тоьшалла дан тарлу лоьмар кхечу стеган цIартIе муха яьккхина, талламчийн органаш оцу лоьмарца детализаци а, биллинг а ян а гIоьртирий аьлла. Цаьргара жоп кхачаза ду.

"Плиев, Лепшаков а, партнераш а" адвокатийн бюрон куьйгалхочун Плиев Мусан хьесапца, сим-картех пайдаоьцуш боцу ах шо даьллачул тIаьхьа тарло операторо и лоьмар йоьхкина хила.

"Ша аппарат хIуманийн тоьшалла санна лерина хила тарло, ткъа цунах сацам тIеьоьцург талламхо ву, оьшу протоколаш а хIиттош. Нагахь оцу телефон чохь сим-карта хиллехь, протоколехь яздина хила деза цунах а. Кхузахь тарло талламхочо цхьана а хIуманна блок ца тоьхна хила, ткъа операторна хуийла дац, маса шайн "абонент" лачкъийна, нагахь санна, Iедалхоша шайгара информаци йоьхуш ца хилча", - аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалиига" Плиевс.

Бакаевн телефон "платинан" лоруш яра (тIаьххьара диъ терахь цхьатерра хилар). Ткъа зIенан салонашкахь цу тайпа лоьмарш юхкуш яц, ца хуьлу уьш йа церан сайташ тIехь гойтуш а. Юкъалелачара цу кепара лоьмарш карахь юхкуш нисло 120 эзар соьмера хьала мехаш а хIиттош.

Къилба-ХIирийчоьнан Инарла прокуратуран хиллачу куьйгалхочо Цоков Феликсна хетарехь, сим-карта кхи дIа ца дохкийта, цунна блок тоьхна хила езара.

"Нагахь санна, цара цу тIехь йинарг ледарло елахь – и ша ду, нагахь санна, лар яйа, йа цу тIехь болх ца бан Iалашонца динехь – иза кхин ду. Амма, тIепаза вайначу стагах дерг аьлча, и сим-карта дIакъовла дезара цара, операторшна дохкар а доьхкуш. Цу кепара меттигаш дуккха а нисло, хIора шарахь Iаламат дукха бераш дов, сила йолчу белхахойн штатийн ка ца йолу, и зуламаш даста", - аьлла Цоковс.

"Кавказ.Реалии" порталан аьтто ца хилира, лар йоцуш вайначу Бакаев Зеламхан хиллачу телефончуьра сим-карта дохкарх талламчашца дийцаредан.

Хьажа комменташка

Герз тоьхна стаг верах ялочу версех теший шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG