ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен йоIана ахча даларна 15 шо хан


please wait

No media source currently available

0:00 0:04:12 0:00
Линкана тIе

Кхарачойн-Чергазийчуьра 46 шо долу Чотчаева Фатима бехкейо терроризмна ахчанаш латторна. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхеттачу шен цIийндена Суюнчев Рустамна тIаьхьа Шема дIаяхна хилла цуьнан йоI Зульфия 2015-чу шарахь. Оцу хенахь тIемаш боьлхучу Иракъехь хилла Фатимин нана а, шен доьзалца цуьнан ваша а. Гергарчаьрга царех хаам боцу кхо шо сов зама ю, уьш дийна хир бац аьлла, хета царна.

2017-чу шеран Лахьан-баттахь Дуьненаюкъарчу ЦIе жаIар организацино тептар вовшахтуьйхира, Иракъерчу набахтешкахь латточу Оьрсийчоьнан 231 вахархочух лаьтташ долу. Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашларъяран Аппарат жигара хьийзара, цигара бераш а, зударий цIабалош. Бераш а, зударий а даймахка берзош, масийттазза экспедицин куьйгаллехь хилира Гергарчу Малхбалехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун лерина векал волу Сабсаби Зияд.

Иракъехь а, Шемахь бисина шайн доьзалш цIаберзор бу аьлла, хIетахь дуккха а нехан дегайовхо яра. Фатимин а яра сатуьйсийла. Амма оцу процессна новкъарло йира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша (ФСБ).

"Къайлахчу сервисаша гIо дийр ду аьлла"

Курдойн а, Иракъерчу тIемалойн а карахь биссинчу Оьрсийчоьнан бахархойн хьал тиша дара. Шайн зудаберашца зIе тасаеллачу гергарчара дуьйцура, церан бераш инфекцин лазаршца ду, кийра буззош юург а яц, оьшу молханаш дац, наной ирхохка кхерам бу бохуш.

Шемахь болчу шайн гергарчара муьлххачу кепехь а гIо дахь, Оьрсийчоьнан ницкъахоша терроризмна ахча латтор ду олу.

"Кавказ.Реалии" портале Фатимин вашас дийцира, шен йишас кхехьийтина кега-мерса ахчанаш, царна юучунна аьлла, хьежош дара.

"Тхоьга а ца олура цо ур-атталла, ша ахчанаш тосий. Иза лаьцначул тIаьхьа бен хиина дац тхуна. Кхарачойн къайлахчу сервисаша шаьш гIо дийр ду, хьо нана ю, кхета шаьш баьхнера.

Иза Iеха а йина, цуьнан бакъхьараллех а, кIоргензаллех а пайда а эцна, цхьа информаци яьккхина цара цуьнгара. ТIаккха бехкзуламан гIуллакх диллина цунна дуьхьал", - дуьйцу Чотчаеван вашас Мурада.

Фатимин йоI Зульфия Шема дIаяхна шен цIийндена тIаьххье, доьзалхо дуьненчу ваьллачул тIаьхьа. Цигахь дина цо кхин а ши бер.

"Тхоьгахь болчу хаамашца, цуьнан майра курдойн набахтехь ву, лецира иза, Шемара дIаваха гIоьртича", - дуьйцу гергарчу стага.

Эксперимент йа провокаци?

Чотчаева Фатимина дуьхьалдаьккхинчу гIуллакхан материалашкахь яздина ду (копи "Кавказ.Реалиин" редакцехь ю), "Шемахь террорхойн могIаршкахь болчу нахана ахча вовшахтоха, зуламе Iалашо хилла цо кхобуш" аьлла.

Товбеца-беттан 17-чохь Кхарачойн-Чергазийчоьнан къайлахчу сервисаша "оперативан эксперимент" йира, Чотчаева Фатиме Шема 40 эзар сом дехьадаккха аьлла, шайн стаг тIе а вахийтина.

Оцу дийннехь Туркойчохь вехачу Газиев Ферузан цIарах Чотчаевас дIатеснера и ахча. ФСБ-н белхахоша оцу сохьта дIалецира иза.

Терроризмна ахча латторна 205-чу артиклехь бехк биллина Чотчаева Фатимина. Набахтехь даккха 15 шо хан кхачайо оцу бехко.

Карарчу хенахь Черкесскерчу талламан изолятор чохь латтош ю зуда. КарабогIучу беттан 25-чу кхаччалц чохь юьтуш, сацамбина кхелахоша.

ТIехьийхи, Iаткъамби, чуйоьлли

Чотчаеван гергарчара бахарехь, психологин Iаткъамбо цунна, эксремисташна айхьа ахча латтийна хилар, тIелаца бохуш.

"Шен йоIана доцург, кхи цхьанна а ахча тесна дац Фатимас. Шен невцана а, вешина а, нанна а ахчанаш кхехьийтина, цунах тIеман гIирс латтош хилла цара бохуш, Iаламат даккхий бехкаш ду цунна дохуш. Кхо шо а ду тхан ненаца а, вешица а зIе йоцу. Тхо-м уьш Туркойчохь бу бохуш Iийна хIинццалц а", - дуьйцу гергарчо.

40 эзар соьмаца лелийна истори- провокаци ю аьлла адвокаташа а.

"Шаьш 10 эзар сом кхаъ буьтур бу хьуна аьлла, 30 эзар дехьадаккха аьлла хиллера цуьнга. Цара шаьш иркарахIоттийна хилла иза, и ахча дIатаса", - аьлла гергарчу стага.

"Кавказ.Реалии" портале дIахьедина Чотчаеван адвокато, ша Iалашъечу Фатимин йоьIан хьокъехь кхело бина цхьа а таIзар деш сацам бац, цундела нанас шен йоIана тесна ахча – терроризмна ахча латтор санна лорийла дац аьлла.

"Шайн стаг юкъа а валийна, дIаяьхьначу "оперативан экспериментан" жамIаш зулам дайта йина провокаци ю. Оперативан-талламхойн балха тIехь дихкина ду зуламна тIехьехар а, зулам дайта питана тасар а. Мегаш дац кхаъ белла и дайтар а", - аьлла адвокато Айдинова Эльвирас.

Хьажа комменташка

Герз тоьхна стаг верах ялочу версех теший шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG