ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп: G7 саммитехь йийцаре йира Оьрсийчоь


Трамп а, Макрон а саммитехь

Францехь дIайоьдучу G7 олучу уггар кхиина экономика йолчу 7 пачхьакхан саммитехь йийцаре йина Оьрсийчоьнах лаьцна тема. Цунах лаьцна кIирандийнахь Iуьранна дIахьедар дина Iамеркан президенто Трамп Дональда.

Цо дийцарехь, цунна цкъачунна ца хаьа кхойкхур ву президент Путин Владимир G7 саммите я вац. Кхин хIара ду аьлла хIумма а ца далийна Трампа.

Iамеркан президенто маситтоза хьахийна. 20I4-чу шарахь ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа хийцинчу Оьрсийчоьно дакъалоцучу G8 кепе юхадерза дезар аьлла. Амма кхечу пачхьалкхийн лидерш дуьхьал бара.

Европан кхеташонан гIантдена Туск Доналда де хьалха дIахьедар динера карарчу хенахь шайна ца хета Оьрсийчоь саммиташка кхайкха тарлац аьлла.

Туска дийцарехь, Европан бахьанаш дац Оьрсийчоь "либералан демократин" а, "низам коьрта хилийтаран" некъа яьлла лара. Оьрсийчоьнна метта тIейогIучу G7 саммите Украина кхайкха еза, декъашхо санна ца кхайкхаъхь, амма дагадаовларшкахь дакъа лаца аьлла Еврокхеташонан гIантдас.

Кху шарахь Францерчу Биаррице кхайкхина бу G7-на юкъахь йоцчу цхьамогIа пачхьалкхийн декъашхой.

Шина денна хьажийна Британин а, Германин а, Италин а, Канадин а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Францин а, Японин а лидерийн цхьанакхетар доладелла шотдийнахь.

XS
SM
MD
LG