ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухе дарба лело 5 бер дигина Нохчийчуьра а, Дагестанера а  


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дарба лело Нохчийчуьра а, Дагестанера а ши бутт кхачанза долу 5 дIакхачийна шотдийнахь, Марсхьокху-беттан 25-хь, Оьрсийчоьнан Орцаллан министраллан кемано.

Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша яздо иза дина хиларх лаьцна Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира тIедилларца. Бераш дуьненчу девлла цхьацца могашаллица доьзна сакхташ долуш. ХIинжа-гIалахь а, Соьлж-ГIалахь а аьтто ца баьлла царна оьшуш долу лоьрийн гIо дан.

КемантIехь берийн хьал шен тидамехь латтош хилла Ленинградан кIоштан коьрта неонатолог (хенал хьалха дуьненчу девллачу берашна оьшу гIо билгалдоккху говзанча) Яковлев Алексей, хаам бо "Невские новости" сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG