ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хангошвили Зелимханан къайле: шозза вен гӀортар а, вер а


2015-чу шарахь Тбилисин юккъехь мила ву ца хуучу стага маситтоза герз туьйхира Хангошвили Зелимханна
2015-чу шарахь Тбилисин юккъехь мила ву ца хуучу стага маситтоза герз туьйхира Хангошвили Зелимханна

Гуьржоьнан векалш жигара гIо деш бу ПIаьнгазан кIоштара Хангошвили Зелимхан вер толлучу немцойн низамаш лардон органашна. Цу хьокъехь дIахьедар дина гуьржийн арахьарчу гIуллакхийн министралло. Хангошвили герз тоьхна вийна Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Берлинехь. Зуламхо лаьцна ву. Иза ву 49 шо долу Оьрсийчоьнан вахархо. Цунах лаьцна дуьйцуш ду "Эхо Кавказа" сайта тIехь араяьллачу материалехь.

Хангошвили Зелимхан вийна, пIераскана дийнахь маьждиге воьдуш, паркехула чекхволуш. Хууш ду иза вийначо шегара герз къайладаккха дагахь, Шпрее хичу кхьоссина хилар. Полицин белхахошна карийна иза оццу дийнахь. Зулам даран тоьшаллаш санна гулйиначу хIуманашна юкъахь ю вилиспят а -- цу тIехь дIаваха гIоьртина хилла Хангошвилина тапча тоьхна Оьрсийчоьнан вахархо.

Карарчу хенахь хуург иза бен дац.

Хангошвилина гонаха лелаш дуккха а хабарш дара. Хууш ду цо дакъалаьцна хилар Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь, цу бахьаница Оьрсийчоьно иза дуьненаюкъарчу лехаме а веллера.

Хангошвилис шена тIе тидам бахийтира Гуьржийчохь 2012-чу шарахь Лопота чIожехь хилларг бахьана долуш. Цигахь Марсхьокху-бутт чекхболуш гуьржийн ницкъаллин структурийн белхахоша тIом бира нохчийн тIеман тобанца. Хангошвили юкъарло лелош вара шина агIонна.

Цу хенахь дуьйна хаамаш гучубовлара Хангошвили гуьржийн кхерамазаллин органашца цхьаьнаболх беш хила мегаш хиларх лаьцна. Делахь а, я цара а, я ша Хангошвилис а иза бакъ ца дора.

Оццу хенахь Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало Константиниди Владимира дIахьедар дина, шаьш вуно тергам беш а ду, гуьржийн агIо жигара цхьанаболх беш а ю аьлла Хангошвили вер толлуш.

Ткъа хIун бахьана хила мега иза веран? Хангошвилин доттагIчунна Музаев Сайханна а, цуьнан гергарчарна а хетарехь, хиллачуьнца йоьзна ю Оьрсийчоьнан леррина сервисаш. Музаевс дийцарехь, немцойн низамаш лардон органаша харцбина зулам дарна шеко йолуш лаьцна Оьрсийчоьнан вахархо нохчо ву бохуш зорбанан гIирсашкахь баржийна хаам.

Талламанхоша шаьш бечу балхах лаьцна кхин хоуьйтуш хIумма а дац. Музаевс дийцарехь, Хангошвилис лелийнарг тидаме эцча, цу юкъаозийнарш Оьрсийчоьнан леррина сервисаш хилар гуш ду.

"Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш юккъерчу тIегIанера командир санна цо тIом бина хилар, суна хетарехь, тоьаш ду цунна тIаьхьабевлла лелаш хилла ала. Иза дуьххьарлера тIелатар ма дацара цунна динарг! Хьалхарниг, суна нийса дагадагIахь, дира 2006-чу шарахь. Цу хенахь и нах, гучу а бевлла, лецнера. Уьш къера хилира шаьш Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша дахкийтина хиларна", - дуьйцу Музаевс.

Хангошвили дуьххьара вен гIортарх лаьцна баш дукха хIума хууш дацахь а, шолгIачунах лаьцна дуккха а хууш ду. 2015-чу шарахь Тбилисин юккъехь цунна масийттоза герз туьйхира мила ву ца хуучу стага. Хангошвилина чевнаш йинера, амма иза дийна висира. Адамийн бакъонаш талларехула а, мониторинг латторехула а Центран векало Микеладзе Тамтас дийцарехь, цул тIаьхьа шен доьзалца Гуьржийчуьра дIаваха дийзира Хангошвилин.

Микеладзес чIагIдарехь, Хангошвилина тIелатар дар таллар дIадоладелира маситта низам а дохош. Уггар хьалха, хилларг ца лерира стаг вен гIортар. Таллам болийра яй чов ярна а, бакъо а йоцуш, герз лелорна а аьлла.

Кхин дIа. Хангошвилин а, цуьнан доьзалан а дахар кхерамехь хиллехь а низамаш лардон органаш реза ца хилира уьш ларбан.

Цул сов, органаша я янне а ца йира талламан мероприятеш, ткъа йинарш дукха тIаьхьа йира. Цундела хIинца а цхьа а кхиам бац цу гIуллакхехь.

«Тхуна дукха дика гуш дара, прокуратуро и гIуллакх тхуна гайта а гойтуш ледарлонца толлуш хилар. Халкъан адвокате а, Инарлин прокуратуре а оха дуккхазза а кхайкхамаш барх цхьа а хIума хийца ца делира. Кхузахь ала деза. Хангошвили Нохчийчуьрчу тIамехь дакъалаьцна вара.

Хууш дара Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша иза шайн тидаме эцна хилар. Шена тIелатар дар цуьнца дузуш вара иза. Кхеташ а долуш, чIогIа мехала ду иза вер кхоччуш таллар а, Тбилисехь цунна тIелатар даран Берлинехь хиллачуьнца хила мега зIе къастор а", - дуьйцу Микеладзес.

Хангошвилин гергарнаш сатесна бу гергарчу хенахь цуьнан дакъа Гуьржийчу схьакхачор ду аьлла. Иза дIавуллур ву ПIаьнгазахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG