ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьздангалла -- оьзда лела луучарна


please wait

No media source currently available

0:00 0:04:30 0:00
Линкана тIе

ГIалгIайчохь яржош ю Магасан мэрино арахецна "ГIалгIачун юкъараллин меттигешкахь леларан гIиллакхаш" брошюра. Коьртачу декъана уьш дIасайоькъуш ю Магасехь дуккха адамаш гуллочу меттигашкахь, ткъа Гезгмашин-беттан (сентябрь) 1-чу дийнахь школашкахь дIасалур ю уьш дешархошна. Цу тептаран Iалашо ю кхузаманахьлерчу кегийрхошна хийцалуш долчу кху дуьненахь оьздангалла а, гIиллакхаш а диц ца далийтар. ХIора агIонехь текст ю гIалгIайн а, оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь.

Магасан мэро Цечоев Беслана кхеторехь, гIала шорлуш ю, цига богIу туристаш, шайна юкъахь кхечу пачхьалкхашкара нах а болуш. Царна а луур ду меттигерчу гIилакхех лаьцна довза. Цечоевс дийцарехь, Магасехула дIасалелаш цунна хааделла цхьаболчу гIалгIашна гIиллакхаш хууш ца хилар а, лардеш ца хилар а.

“Оха тезисийн кепехь яздина уггар коьртаниг. ХIора оха дуьйцучу гIиллакхан кIорггера чулацам бу", - тешна ву гIалан да. Цо дийцарехь, яздинчу тӀедожораша а, гIиллакх лелочу наха масал гайтаро а дикачу агIор Iаткъам бийр бу гIиллакхах-оьздангаллах бухучу нахана.

Шок лекхар а, томе доцу белар а

Некъа вогIуш воккханиг гича, некъ бита беза цунна, нагахь иза цхьа де хилла а воккха велахь, аьлла ду гIиллакхийн гуларехь. Махкал арахьа муьлхха а стага шен Iуналле эца еза шен махкахо, нагахь цунна уллехь гергара стаг вацахь, дагадоуьйту цуьнан авторша.

РогIера пункт ю – оьзда доцу къамел дар а, шок лекхар а, адамаш долчу меттигехь томе воцуш вела а, хецавелла лела а мегаш ца хиларх лаьцна. Цул сов, оьздачу гIалгIашкахь товш дац когахь пазаташ йоцуш аравалар а, тIелетта бедарш йоьхна лелар а: "Верзинавалар эшнаш деш ду, ткъа духар оьзда хилар мехала ду".

Доьшучунна хила ма везза волу гIалгIа хила муха латта веза, воккхачунна муьлхачу агIор хила веза, муха волавала веза, я латта веза хаийта хIора гIиллакх яздина ду, уллехь сурт а долуш.

Цечоевс дийцарехь, материал кечйеш уьш дагабевлира гIалгIайн историкашца а, баккхийчу нахаца а. Иза ша лийлира, тексташ а эцна, массара лоруш болчу гIиллакхаш а, ламасташ а девзачу нахана тIе. Цундела хIора фраза дукха чIогIа лерина юьстина язйина ю, кегийрхошна Iамо хьехна а ю, боху Цечоевс.

Зударийн меттиг

Шена тIе тидам бохуьйтуш ю зударшна хьажийна абзац. Сурта тIехь ши стаг ву хиина Iаш, ткъа цу шинна хьалха коьрта охьатаIийна лаьтташ ю еха коч йоьхна йовлакх тиллина ши зуда.

"Жима-йоккха ю аьлла доцуш, муьлхха а зудчо меттиг йита еза стагана, цуьнан хене ца хьоьжуш. Зудчуьнгахь догIуш ду эхь долуш, эсала, оьзда йистхилар долуш, хийрачу стагана юххе ца гIерташ хилар. Зударшкахь догIуш дац мохь хьекхар а, гIовгIане елар а", - аьлла ю цу суртаца йолу текст.

Цу юкъахь цхьа а нийсонан бакъо йохор дац, боху мэро.

“Зудчо хьалагIаттарца гойту ша стаг лоруш хилар, иза жима велахь а, цуьнан маса шо ду бохучуьнга хьаьжна доцуш. ГIеметта хIоьттинчу зудчо а гойту нах болчехь хьалагIаттарца ша кхиазхо ларар. Иза гуш ду йоIаршна, уьш кхуьа божарий лара безаш хилар хууш. Зудчун хаа еза шен сийлахь йолу зудчуьнан меттиг", - дуьйцу цо.

Эксперто, политолого, историн Iилманчо, юкъараллан жигархочо Матиева Анжелас дуьйцу, баккхийчу а, гIеметта хIоьттинчу а нахе шен болу ларам а, сий дар а гайта дезаш ю зуда, церан маса шо ду бохучуьнга хьаьжна доцуш. Амма иза реза яц жима-йоккха хиларе ца хьоьжуш зудчо мел жима велахь а стаге болу шен ларам гайта беза бохучун.

“Нагахь жимачу стагана шен нана хила мегар долу зуда гича, цо цуьнан сий дийр ду шен ненан санна. Иза тхан цIийца ду. Цо неI дIайоьллур ю, шел хьалха чу-ара йоьлуьйтр ю иза, шен оьздангалла гойтуш. 15-20 шо долчу бераша а, кегийрхоша а гойту шаьш со ларар, суна меттиг юьтуш. Иза хьакъ долуш лелар ду", - дуьйцу Матиевас.

Лиза А. цIе йолчу ГIалгIайчуьрчу цхьана юкъараллан жигархочо къобул ца до Цечоевс лелориг. “Магасан мэр алапа оьцуш ву зударша а, божарша а ял луш. Цундела и санна даржехь волчу стага дийца оьшуш дац, зуда даиман а юхайолуш хила еза бохуш. Вайн цхьатерра бакъонаш ю, нийсо ю конституцица, юккъехула аьлча, цунна коьрта низам хила дезаш йолчу. Нагахь иза Iадатан лахара чинаш лакхарачарна муьтӀахь хиларан къепе хьалахататта лууш велахь, иза дан, Iедалан гIуллаккхой а боцуш, йолуш ю юкъараллин вовшахтохараллаш", - боху цо.

Хьажа комменташка

Герз тоьхна стаг верах ялочу версех теший шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG