ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ас Далла хастам бо, Кадыров Рамзан санна воккхаха волу ваша сайна валарна"


Кадыров Рамзан а, Арашуков Рауф а

please wait

No media source currently available

0:00 0:10:07 0:00
Линкана тIе


Оьрсийчоьнан Федералан кхеташонан сенатор хиллачу Арашуков Рауфа дуьйцу Шебзухов а, Жуков а верах а, доттагIий шена ямарт хиларх а лаьцна.

Цхьа шо ца кхоччуш хьалха къона сенаторан Арашуков Рауфан дерриг а дара: хьал а, ахча а, лоруш болу доттагIий а. Амма цIеххьана дерриг а хийцаделира. Кхушара Дечкен-беттан 30-хь (январь) Федерацин Кхеташонехь, дIабоьдуш гулам а болуш, иза лецира, политикан дуьхьалончаш байарна а, газ лечкIорна а бехке а вина. Зорбан гIирсашкахь цул тIаьхьа, чам а беш, хилларг дийцара, сенатор ламешна тIехула хьалаведира, амма спикеро Матвиенко Валентинас "кийра ша буьллучу озаца" хьехар дира цунна дуьхьало ма е аьлла.

Талламан комитето пресс-хаам баржийра, хилларг дуьйцуш. Цуьнца а догIуш, Арашуковс "гочдархо вийхира, иза цунна вала а велира" аьлла.

"Кавказ.Реалиина" еллачу интервьюхь, шен 33 шо кхачар "Лефортово" талламан изоляторехь билгадаьккхинчу экс-сенаторо – ладогIалаш! – оьрсийн маттахь дийцира, шен 18 шо долуш депутат а, ткъа 21 шо долуш министр а ша муха хилира.

"Ас цкъа а ца вийхира гочдархо, со гайта гIоьртира, со цхьа Iовдал волуш санна"

Рауф, 18 шо долуш депутат хилира хьо, ткъа министр хилира 21 шо долуш. Иза муха дира ахь? Дуьйцуш ду, карьера ахь йина бохуш, карарчу хенахь ша а лаьцна волу хьайн да бахьана долуш.

Цкъа дуьххьара жоп лур ду ас, низамо бохучунна тIе а тевжаш. Ставрополан муниципалан куьпан Уставца а догIуш, гIалин думан депутат харжа магош ду 18 шо кхаьчна волу стаг. Цундела сан бакъо яра хаьржина хила. Ставрополан 22-чу гIалан гонерчу наха соьгахьа кхаж тесира.

Ас сой хьалхатеттина дакъалоцуш вара со харжамашкахь. Соьца мандат къовсуш вара мэран захало. Амма толам ас баьккхира, адамаш тийшира сох. Соьгахьа кхаж тесира 63,5% харжамхоша.

Амма со даима а вара тхайн республикехь болх бан лууш. Со политикан карьера ян лууш вара Кхарачой-Чергазийчохь. Депутаталла ша тайпа майда яра сан кхин дIа хиллачуьнан.

Ас бина болу депутатан болх тайра цу хенахь Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхо хиллачу Батдыев Мустафана. Цо белхан министр хIоттийра со, иза цо дарна баркалла бохуш а ву со цунна.

Цу даржехь волуш министраллан гайтамаш то бира ас, иза 80-чу меттигера 3-чу меттиге а йоккхуш. Карьера ярна дена декхарелахь ву бохучуьнца доьзна эр ду ас. ХIора кIант ву декхарелахь дена хьалха. Цо кхиина со, дIавигина дахаран некъахула.

Ткъа Федералан Кхеташоне муха кхечира хьо, 30 шо бен а доцуш? Парламентан лакхарчу чоьне хьо хIунда хьаржийра, хIун ду хьан цу бессара дика?

– Кхарачой-Чергазийчохь цхьана мандатан гонехь Пачхьалкхан Думан депутат хила дагахь кехаташ гулдинера ас харжаман комиссе чудала. Сан иштта планаш хиларх лаьцна хиира республикан кьйгалхочунна Темрезов Рашидана. Цо дагадаийтира суна, и меттиг кхарачочуьнан меттиг хилар. Ткъа со чергазо ву, цундела сан аьтто бац иза къовса. Нийсо хилийта республикехь Iедал ду цхьайолу меттигаш кхарачоша, кхин йолу меттигаш чергазоша дIалоцуш.

Темрезовс ша гIортор йийр ю элира сан кандидатурина Федерацин Кхеташонехь, хIунда аьлча Кхарачой-Чергазийчоьнан цIарх сенатор хилар чергазойн меттиг хиларна. Со реза хилира. Дукхаха берш моьттуш бу мичара волу а ца хууш схьаваьллачу сох сенатор хилира. Иза иштта дац.

– Федерацин Кхеташонан спикеро Матвиенко Валентинас чIагIдо, "Арашуков Сенатан декъашхо хIоттор дуьххьар дуьйна гIалат дара" бохуш. Хьуна новкъадогIий цо цу тайпа мах хадор?

ХIан-хIа, ца догIу. Схьахетарехь, Валентина Ивановнина дика хууш хир ду, мила, мича хIотто веза. Амма сан цхьа хIума олийла ду: со дозалла деш ву цуьнан куьйгакIеллахь болх барна. Суна иза доккха а, мах боцу а зеделларг дара.

Хьо дIалацаро цецъяьккхинера юкъаралла. Ца йоккхийла а дацара. Сенатор лецира, йоьдуш кхеташо а йолуш, сурт а хIоттош. Хилларг цIеххьана, дагахь а доцуш хилирий хьуна?

ХIан-хIа, лоцур хилар суна хьалхе дуьйна хууш дара. Дечкен-беттан 30-хь хилларг вуно дика дагадогIу суна. ХIун хуьлуш ду бохучух кхетара со, со аравала лууш вара кхеташо йоьдучуьра, гуш-хезаш сой ца лацийта. Ткъа зорбан гIирсаша яздира со вада гIоьртира аьлла… Иза беламе ду! Цхьанха со дIаваха лууш хиллехь, со кхеташоне вогIур вацара.

Арашуков Рауф, кхушара Мангалан-баттахь
Арашуков Рауф, кхушара Мангалан-баттахь

– Хьо дешна стаг вуй?

Ву, сой дешна стаг хета суна. Лаккхара дешар дешна хиларан диплом долун дела дац иза. Суна хаза хета книгаш йоьшуш, амма хьалха хан даима а ца тоара. Ткъа хIинца дисинарг тIаьхьакхиош ву со. Оьрсийн классика чIогIа дукха еза суна.

– Гочдархо хIунда вехнера ахь? Интернетехь хьох болуш бара, ткъа цхьаммо яздинера ахь дакъалоцуш тIеэцна низамаш юхадаха деза, хIунда аьлча хьо кхеташ ца хиллан дела айхьа кхаж стенна тосу аьлла.

Дуккхазза а дийцина ас цу хьокъехь. Ас цкъа а ца вехна гочдархо. Мелхо а сой левеш ас яздира протоколехь сайна оьрсийн мотт хууш хиларх а, гочдархо сайна оьшуш ца хиларх а лаьцна.

Талламхочо шеггара кхайкхинера гочдархо, хIунда делахь а, со левеш цу чохь вара иза. Оьрсийн мотт ца хаарна ас гочдархо вийхира аьлла со цхьа Iовдал ву ала, вочу агIор со гайта динера бохучух тешна вусо иза. Амма иза иштта дац.

"Ас цхьаьнга а, цхьа а вен веза ца аьллера"

– Хьан маса карьера мухха йина а йийцаре йира вай. ХIинца дуьйцур вай ахь дина аьлла дуьйцу зуламаш. ХIун юкъаметтигаш яра хьан вийна волчу Iедалан гIуллаккхочуьнца Шебзухов Фралца а, юкъараллахочуьнца Жуков Асланца а? Жуковн гергарчара чIагIдо, ша валале масех де хьалха цо шен дега дийцина хиллера бохуш, хьо ша вен дагахь хиларх лаьцна.

– Шебзуховца сан дика юкъаметтигаш яра. Жуковца цхьана кепара яцара, гинера суна иза маситтоза. Ас цхьаьнга а, цхьа а вен веза ца аьллера. Дерриг суна дохку бехкаш харц ду.

– Шебзуховн вашас Руслана хьо дIалацарна иштта комментари йира: вуно хазахетта ву. Эххаре а тхан аьтто бели иза дайта. ХIинцца ериг а Адыгийн кIошт самукъадаьлла ю. Сан йиша хазахетарна йилхира". Цунна жоп дала хIун ду хьан?

Шебзухов Фраль, Кхарачой-Чергазийчоьнан президентан хьехамча, вийна 2010 шарахь
Шебзухов Фраль, Кхарачой-Чергазийчоьнан президентан хьехамча, вийна 2010 шарахь

Суна хууш Шебхузов вийнарш шайна дина таIзар токхуш бу. Ас иза вен аьлла дехар ца динера.

– Хан юхаяккха аьтто хилча, хIун хийцамаш бийра бара ахь байинчарца хьайн хиллачу юкъаметтигашкахь? Уьш байарна хьо бехке хIунда веш ву?

Со хIунда хьехаво Жуков а, Шебзухов а вер хьокъехь? Дера во суна дуьхьал долийна гIуллакх леррина цхьаммо дехар дина долун дела. Суна хаьа цунна тIехьа лаьтташ мила ву а, иза суна дуьхьал долорна ахча делларг мила ву а.

– Ткъа мила ву иза?

Иза Iедалан белхахойн тоба а, погонаш лело нах а бу. Церан цIерш ас йохур ю тIаьхьо.

Зорбан гIирсаша даладо тешо Копсергенов Рустама "Арашуковс етта аьллера Шебзуховна, цуьнга дарж дитийта, вен ца аьлла" бохуш дийцинарг.

– Со тешна ву, цо дина тоьшалла ахчанах дина бохучух. Цу хенахь Кхарачой-Чергазийчохь хилла хаьл хаа деза Шебзухов веран далош долу бахьана бух боцуш хиларх кхета.

– Суна хаьа ахь бехк тIе ца лоций, амма хоттур ас: газ лечкъийний ахь? Арашуков Рауф хаьл долуш стаг вуй?

– Газ ца лечкъийна. Ву, ву со хьал долуш стаг ву, сан дукха суна беза тIехдика доьзал а, шортта доттагIий а хиларна. Цуьнца хьал долуш ву со.

– Юкъаралло гIо хIунда ца доккху хьоьгахьара?

ГIо хIунда ца доккхий?! Дукха хан йоцуш адвокаташа YouTube-хь йолчу "Iаьржа клуб" программехь дийцинарг довзийтира суна. Цигахь журналисташа озабезам ца беш дуьйцу тхан гIуллакхах лаьцнарг. Цара лакхара мах хадабо тхан доьзало Кхарачой-Чергазийчохь диначуьнан.

Ас баркалла боху царна бакъедрг дийцарна а, майра хиларна а. Суна хаьа карарчу хенахь Кхарачой-Чергазийчуьра бахархой муха кхера бо, амма социалан машанашкахь хеза тхуна гIортор еш дешнаш.

– Юкъараллин векалш – мел хIуъа дийцича а дукха билгало йоцу кхетам бу. Кхин гIуллакх ду – доттагIий.

Буьззинчу барамехь хаало суна даттагIаша гIортор яр. Иштта халачу хьокъехь хилча а бен хуур дац хьайн бакъволу доттагI мила ву а, кIилло мила ву а.

Дукха буй хьуна ямарт хилларш?

–АллахI ву царна кхелахо. Со тешна ву, дерриг а мацца хIоьттина а шен метта хIуттур хиларх. Везавоккхачо дерриг а къастор ду.

– Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а, телевизионан программаш дIахьочу Канделаки Тиница а хIун юкъаметтигаш ю хьан? Канделаки кIелхьара яла гIоьртира, ша хьоьга лулахочуьнга санна бен йист хуьлуш а яцара, цхьане Iуьранна идар ша хьоьца аьлла. Кхалла хIума яийтирий цара хьуна?

Кадыров Рамзан а, Канделаки Тина а
Кадыров Рамзан а, Канделаки Тина а

– Ас Далла хастам бо, Кадыров Рамзан санна воккхаха волу ваша сайна валарна. Канделаки Тинех лаьцна аьлча, нагахь цо лулахой санна идира бахахь, цунна шена дика хуур ду хIун дийца деза.

Суна хетарехь, тхойшинна дика а, адамаллин а юкъаметтигаш яра аьлла хета суна. Оха доттагIалла лела дора доьзашца, тхан компанин са Тинин нана а йолуш. Теша мегар ду шуна, СИЗО (талламан изолятор) кхалла хIума тIаьхьа йохьуш хиларца дерриг а дика ду сан.

– Канделакис цхьана хенахь яздора, хьо "уггар товш къона сенатор ву" бохуш. Хала-м ца хета хьуна хьайгара мандат дIаяьккхарна?

Мандат сан дагалацам бацара. Тхайн республикера дахар то дан гIерташ вара со. Мандат соьгара дIаяьккхина, доцу бахьанаш а кхоьллина, лаьцна, сенаторан статус дIаяккха. ХIан-хIа, халахетта вац со. Суна дукха дика хаара оцу кепара иза дIадоьрзур дуй.

Кхело бехказваккхаре ладоьгIуш вуй хьо?

Везавоккхачунна бен тIетевжаш вац со, ткъа кхел нийсонца яхь, со бехказвоккхур ву.

Пайхамарна (Делера Салам-Маршалла хуьлда цунна) 5 эзар салават диллар тIедожийна нохчийн динан дайша хьукматийн а, урхаллийн а белхахошна. Шуна хIун аьлла хета, оьший нахана планаш а етташ, бертаза цу кепарниг тIедожон?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG