ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дахарна уггар аьхна гIала ю Вена


Вена, ОБСЕ-н офис
Вена, ОБСЕ-н офис


Economist журнало хIора шарахь бечу талламца дахарна уггар аьхна хьелаш долчу гIаланийн рейтингехь хьалхарчу меттехь ю Австрийн коьрта гIала Вена. Иза юха а хьалхаяьлла 2018-чу шарахь иза шегара дIаяккхале 7 шарахь рейтинган лаккхара меттиг дIалоцуш хиллачу Австралин Мельбурнал а.

Economist медиахIолдинган Economist Intelligence Unit латтаман декъо бина таллам арабаьлла кхаарин дийнахь, хаам бо Thejakartapost сайто, Франс-пресс агенталлана тIе а тевжаш.

Тоьллачу шина гIалана тIаьххье ю Сидней а, Осака а, Калгари а. ХIора шарахь Economist Intelligence Unit-о 140 гIалан мах хадабо 100 баллах лаьттачу барамца. Тидаме оьцуш ду маситта хIума, шайна юкъахь дахаран тIегIа а, криминал а, транспорт леларца доьзна хьал а, деша аьттонаш хилар а, могашалла ларъяр а, ткъа иштта политикан а, экономикан а хьал тешаме хилар а долуш.

Шен аьхна юкъараллин транспорт а, цIена хи а, шуьйра культуран дахар а хиларца евзачу Вена гIалина стохка санна хIоттийна 100-ах 99,1 балл.

"Малхбузен Европа а, Къилбаседа Iамерка а юьсуш ю дуьнентIехь уггар аьхна дахаран хьелаш долу регионаш", - аьлла ду Economist Intelligence Unit-о бинчу хаамехь.

Европо дIалаьцна хьалхачу 20-ах 8 меттиг, ткъа йисинчу гIаланашна юкъахь ю Японин а, Австралин а, Керлачу Зеландин а, Канадин а гIаланаш.

Делахь а, Париж охьаяьлла рейтингехь 8 меттигана. Кхушара иза ю 25-чу меттехь, коьртачу декъана дерриг дуьненна а гуш, цигахь шуьйр Iедалшна дуьхьал "можа жилетийн" акцеш хилар бахьана долуш.

ТIаьххьарчу талламехь тидаме оьцуш дара климат хийцаяларна дахарна Iаткъам барца боьзна гайтам а. И бахьана долуш рейтингехь кхин а охьаяьлла Нью-Дели а, КъахIира а. Хаьлхарчо дIалаьцна 118-гIа меттиг, ткъа шолгIачо – 125-гIа.

Economist-ан рейтингехь 48-чу меттехь ю Лондон, ткъа Нью-Йорк хIоттийна 58-чу меттиге, цигахь зуламаш а, терроран тIелетарш а дарна болчу кхерамца боьзна къийсам дIахьош хиларна а, дукха яьржина инфраструктура хиларна а.

Дахаран хьелаш вуно ледара долу гIаланаш ю аьлла билгалъяьккхина ю Карачи а, Триполи а, Дакка а, Лагос а, ткъа иштта уггар лахахь йолу Димашкъ а.

Вена кхушара а ю 1-чу метте хIоттийна дахаран дикалла къасточу Mercer консалтинган компанино хIора шарахь бечу кхечу талламехь а. И меттиг цу гIалано дIалоцу ду моггӀара 10 шо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG