ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIе ца йоккху лазар токху стаг хIусамчуьра араваьккхина Сочехь


ЦIе ца йоккху лазар токхуш, меттахь виссина Мартынов Андрей а, иза лелош хилла цуьнан зуда а Сочехь хIусамчуьра арадаьккхина кхелан пурстоьпаша, яздо "Настоящее время" телеканало. 2011-чу шарахь Сочи Олимпиадана кечлучу хенахь керла объекташ хьалаечу заманчохь дIахьаькхнера церан хIусам. "Нептун" пансионатехь меттиг беллера царна цхьана ханна. Масех шо даьллачул тIаьхьа пансионат дIайохка Iалашо хилла, ткъа стохка кхело бакъо йоцуш бехаш бу уьш цу чохь аьлла, доьзал чуьра арабоккхуш сацам тIеэцна хилла.

Сочин администрацехь а бакъдина, Мартынов Андрей а, цуьнан хIусамнана а пансионатера арадаьккхина хилар. Ишта цара дIахьедина, МартыновгIеран дIахьаькхначу цIийнах компенсаци яла таро яцара аьлла.

Пансионатера и шиъ арадаьккхинчул тIаьхьа лоьрийн орца кхайкхина хиллера цомгашниг дарбан цIийне охьавиллийта. Амма Мартыновс дуьхьалойина аьлла, дийцина администрацин хьаькамаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG