ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьалха- Мартанахь машен тIетоьхна йоI елла дарбан цIийнехь


Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанахь иккхинчу некъан хьовзамехь лазийна 22 шо долу йоI кIоштан дарбан цIийне ялийна аьлла, хааме даьккхира Маршо Радионо еаридийнахь. "Чечня Сегодня" агенталлан информацица, цаьрга кхачийначу видео тIехь гуш хилла, цхьахйолчу машенал а хьалха вала гIоьртинчу шоферо новкъахь йоьдучу йоIана машен тIетухуш. ТIаьхьа йогIучу автомобилан терго ца йина хиллера йоIа, букъ тоьхна йоьдуш хиларна.

Оццу дийнахь суьйранна Iораяьккхинчу информацица, дарбан цIийнехь елла лазийна йоI, лоьрийн карахь. Машенна урхалла деш хиллачунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доккхуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG