ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ФСБ, кхел, набахте – иштта ду царна кхочу дакъа"



Дагестанан вахархо Махмудов Сайфулла чувоьллина луьрча хьелашкахь колонехь 8 шо даккха, Шемахь "Исламан пачхьалкх" тIеман тобанан могIаршлахь леларна.

Цуьнан гIуллакх листира Къилбаседа Кавказан тIеман гонан кхелехь. Талламхойн версица, 2013-чу шеран Мангалан-баттахь дуьйна 2015-чу шеран Мангал-батте кхаччалц иза хилла Шеман территори тIехь. Цигахь цо ларйина "Исламан пачхьалкх" тобанан объекташ, дIасабигина, тIом бан Iамийна тIемалой, ткъа иштта дакъалаьцна Ракка гIалахь хиллачу тIематасадаларшкахь.

Махмудовс ша бехке хилар тIелаьцнера, цундела цуьнан гIуллакх листина ша-тайпачу кепехь, хаам бо кхелан зорбан сервисо.

Дагестанан кхечу вахархочунна, оццу кхело масех кIира хьалха кхин а луьра таIзар дира, 11 шо хан а тоьхна, цо "Исламан пачхьалкхана" муьтIахь хила чӀагӀо ярна.

Вуьйцург ву Маматханов СаьIид. Талламхоша чIагIдарехь, радикалан исламан идеологина реза волчу цо чIагIо йинера, террорхошна тешаме хила". Ша телефонаца дIаязбина видеокхайкхам Маматхановс Telegram мессенджерехула хьажийна "Исламан пачхьалкхан" векале, чIагIдо талламхоша.

17 шо колонехь даккха хан тоьхна кхин цхьа дагестанхочунна а. Иза ву Магарамкент кIоштан вахархо Шайхвалиев Керим. Кхело сацам бина иза гIортина хилла низамца йоцчу тIеман тобанах дIакхета, ткъа иштта "Исламан пачхьалкхан" тIемалошна ахча дахьийтина цо 50 сов эзар сом барамехь аьлла.

Цу тайпачу цхьана гIуллакхехь дакъалоцуш хиллачу адвокато Азизов Амира дийцарехь, Маматхановн а, Шайхвалиевн а гIуллакхаш хьалха къасто мегара тIемалой маьршачу дахаре берзочу комиссехь. Амма, цо чIагIдарехь, хьал хийцаделира Абдулатипов Рамазан Дагестанан куьйгалхо хIоттийча.

"Iедале Абдулатипов Рамазан веача, цо хийцира комиссин цIе, Дагестанна проблемаш йолчу хаттаршкахула болх беш хир ю и комисси аьлла. Иза чIогIа лууш вара дерриг а шена хетачу агIор дIанисдан, амма цул тIаьхьа цхьа а хIума болх беш ца хилара. Иштта цу комиссин балхах а хилира хIун ду ца хуург, хьалха цигахь маьрша дахаре юхаберза лаам болчу нехан дехарш баккъалла а луьстуш хиллехь а", - дуьйцу Азизовс.

Бехк тIелацар а, дохковалар а, цул тIаьхьа ша-тайпачу кепара кхелехь гIуллакх листар а – иза дара низамца йоцчу тIемалойн тобанийн декъашхойн ладоьгIийла ерг, боху адвокато: "Бакъду, цигахь хилара кхин тайпаниг а. Стага ша дохковаьлла бохура, амма гуш дара иза иштта ца хилар. Ткъа нагахь цо цIий Iанийна хиллехь, цунна догIуш долу таIзар дора.

Изза Шайхвалиев цхьа а стаг вийна а вац, тIамехь дакъалаьцна а вац. Иза дохковаьлла ша лелийначун. Ткъа цунна 17 шо хан тоьхна. Амма Шемахь баккъалла а хилла а, тIом бина а болучарна дуккха а лахара хенаш тухуш ю. Мичахь ю логика? Стенгахь ю нийсо?"

Исаева Светлана ю Дагестанера бакъонашларъярхо. Цунна хетарехь, комисси юхакхолла езаш ю. "Иза болх бан йолаеллачу хенахь, цигахь баккъалла а гIо дора. Цу юкъатоьхна бара юкъараллан векалш. ГIо оьшуш болчарна гIо дора. Хаалуш дара Iедалш цхьаъ хийца луууш хилар. Амма Абдулатипов варца, берриг балхах хIумма а доцург хилира, эххар иза а сецира. ХIинца, Шема тидаме эцча, цкъа а ца хиллачу кепара оьшуш ю и комисси".

Исаевас дийцарехь, Дагестане цIаберза лууш болу дуккха а нах, кхин бахьана доцуш кхоьруш бу шаьш, ехха хенаш а тоьхна, чубохкарна.

"ТIемалойх бисинчу зударшца мухха делахь а болх беш бу. Бакъду, уьш лоцу, чубухку, амма тоьхна хан такхар тIаьхьатотту, ткъа цул тIаьхьа, суна бевзачу адвокаташа дийцарехь, аьтто хуьлу арахь яккха хан тохийта барт бан а.

ХIаъ, цхьацца меттиг еана, баккъалла а хенаш тухуш а. Амма божаршца болх беш цхьа а вац. Уьш къайлаха баха безаш хуьлу Туркойчохь, Iедало шаьш лецарна а кхоьруш. Я Европе дIабаха гIерташ хуьлу уьш. Дуккха а дIабоьлху карарчу хенахь Украине.

Амма цIабогIур болуш бара, юхабоьрзур болуш бара уьш маьршачу дахаре. Чубохка, хенаш тоха, тоха йогIучарна, баккъалла а тIом бинчарна. Амма масатоп караэцанза болучарна, шайгара гIалат даьллера, шаьш Iехийнера, шаьш дохкодевлла бохучарна – царна гIо дайша!" - доьхку бакъонашларъярхочо.

"Кавказ.Реалии" корреспондент гIоьртира маслаIатан а, барт баран комиссин куьйгалхочуьнца, вице-премьерца Джафаров Рамазанца зIене вала. Амма сихха комментарий эца аьтто ца белира. Цуьнан белхахоша жоп делира, Iедалхочо телефонехула хаттаршна жоьпаш лур дац аьлла.

Ткъа Дагестанан Iедалерчу хьастано дийцарехь, Джафаровн ала хIумма а дац комиссино бечу балхах лаьцна. "ХIун алалур ду деллачунах, доцучунах? Iедал цу агIор болх барна саготта дац. Антитерроран комиссеш ю, юкъа-кара кхеташонаш дIахьош йолу.

Цара отчеташ ло цхьа профилактикан балхах лаьцна, дешархошца а, студенташца а цхьаьнакхетаршна тIехь чекхболучу. Гергарчу Малхбалера цIабирзинчу нахаца болх беш мила ву? Цхьа а вац! ФСБ, кхел, набахте – иштта ду царна кхочу дакъа".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG