ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь террорхой хIаллакбеш бина къийсам бу Оьрсийчоьно Шемахь дIахьуриг аьлла Матовниковс


Матовников Александр а, Кадыров Рамзан а
Матовников Александр а, Кадыров Рамзан а

Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векална Матовников Александрна хетарехь, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь хилла Iалашонаш ю тахана Оьрсийчоьно Шемарчу конфликтехь а хьалхаяьхнарш. "Шемахь террорхой хIаллакбан Путин Владимиран Iалашо - Нохчийчоьнан территореш тIехь латтийна къийсам кхи дIа бахьар ду", - аьлла, дIахьедина Матовниковс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьана Соьлжа-гIалахь йоьдучу пресс-конференцехь. Нохчийчоьнан республикан денна леринчу бараме ваханера Матовников Александр, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

Билгалдаккха догIу, 1991-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикан Лаккхарчу Кхеташоно Верховный Совет ЧИР) шен декхарш охьадехкира Гезгмашин-беттан (Сентябрь) 6-чу дийннахь, 1990-чу шарахь Лахьан-беттан 27-чу дийнахь ша тIеэцначу декларацина тIе а тевжина. И де билгалделира Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хиларан де санна. Дерриг а нохчийн къоман конгрессо шен кхалгIачу кхеташонехь тIечIагIбира Нохч-ГIалгIайн Республикан Лаккхарчу Кхеташонан сацам а, Нохчийчоь йозуш йоцуш хилар а.

Таханлерчу Нохчийчуьрчу Iедалша иза даздеш ду Нохчийн Республикан де я бахархойн бертан а, цхьаьнакхетаран де санна. Цара бухе диллинарг ду 2002-чу шарахь Нохчийн Республикан куьйгалхо хиллачу Кадыров Ахьмада арахецна указ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG