ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тутмакхаш дIасахийцина Оьрсийчоьно а, Украинано а


Тутмакхаш а, лецна латтош хилларш а дIасахийцина Оьрсийчоьнан а, Украинан а Iедалхоша аьлла, хаамбина "Интерфакс" агенталле Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас. Москван а, Киевн а аэропорташка кхачийна и нах. "Настоящее время" телеканало трансляци ю дIахьош.

Оьрсийчоьно маьршаваьккхина, аннекси йинчу ГIирмехь теракташ дан кечлуш хилла аьлла, лаьцна набахтехь даккха 20 шо хан тоьхна хилла режиссер Сенцов Олег. Шен пачхьалкхна ямартхилла аьлла, шеконашца лаьцна латтийна, "Новости" агенатллан коьрта редактор Вышинский Кирилл дIавелла Киевс.

Шоьтан Iуьйранна 7 сахьт даьллачу хенахь Москварчу "Лефортово" изоляторан кертара араелира тутмакхехь йоьттина ши автобус, полисхойн кхаа машено го а лаьцна.

Къаьстина, Керчан гечонехь Оьрсийчоьно дIалаьцна хилла Украинан 24 тIеман хIордахо а, хенаш кхайкхийна 11 украинхо а маьршаваьккхина хилар. Ву царлахь Сенцов Олег, Балуха Владимир, Гриб Павел, Карпюк Николай, Клых Станислав, Кольченко Александр, Панов Евгений, Панов Артур, Сизонович Алексей, Сущенко Роман а, Бекиров Эдем а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG