ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ФСБ, кхел, набахте – иштта ду царна кхочу дакъа"


Дагестанан вахархо Махмудов Сайфулла чувоьллина луьрча хьелашкахь колонехь 8 шо даккха, Шемахь "Исламан пачхьалкх" тIеман тобанан могIаршлахь леларна. Цуьнан гIуллакх листира Къилбаседа Кавказан тIеман гонан кхелехь. Талламхойн версица, 2013-чу шеран Мангалан-баттахь дуьйна 2015-чу шеран Мангал-батте кхаччалц иза хилла Шеман территори тIехь. Цигахь цо ларйина "Исламан пачхьалкх" тобанан объекташ, дIасабигина, тIом бан Iамийна тIемалой, ткъа иштта дакъалаьцна Ракка гIалахь хиллачу тIематасадаларшкахь.

XS
SM
MD
LG