ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Толам баккхарна UFC исторехь цкъа а ца хилла гонорар лур ю Нурмагомедовна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Портье Дастинна тIехь толам баккхарна UFC исторехь цкъа а ца хиллачу кепара йоккха гонорар лур ю Нурмагомедов Хьабибана. Цуьнан чоьта тIе дера ду 6 миллион доллар.

Аналитикаша билгалдаккхарехь, UFC-н исторехь цу барамна улле гIоьртира Макгрегор Конорна Альварес Эддина тIехь толам баккхарна делла ахча. Иза дара 3,59 миллион доллар.

Макгрегорх латарна Хьабибана делира 2 миллион доллар. Цунах 4-гIа дакъа дIадала дийзира тасадалар чекхдаьллачул тIаьхьа буй-тIарий дарна.

Зорбанан гIирсаша дийцарехь, шен карьерехь хиллачу латаршкахь Хьабиба даьккхина 2 590 000 доллар. Иза 45-гIа жамI ду UFC-н латархошна юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG