ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Деза-даккхий божарийн хIуьмалгаш"


Нурмагомедов холхазан куйнах лаьцна вистхиллачул тIаьхьа флешмоб дIаяьхьна социалан машанашкахь зудабераша

Холхазан куй божарша бен лелош бац, хIунда аьлча, "церан сий ду цуьнца" аьллачу UFC-н чемпионан Нурмагомедов Хьабибан дешнаш шайна хет-хеттачу кепехь тидина Дагестанерчу зударша.

"Кавказ.Реалии" портало ма яздарра, Абу-Дабехь ша толам баьккхинчул тIаьхьа спортхочо аьлла хиллера: "Холхазан куйнаш техкина оццул дукха адам гуш дика хета суна, массарна а баркалла суна сагатдарна. Къонахалла а, сий а долчу стага бен лелош бац куй. Тхан Дагестанехь зударша холхазан куйнаш ца леладо".

Латархочунна жоп луш Фейсбукан агIонехь Дагестанерчу мехкарша флешмоб йолийра. ХIораммо а коьртахь холхазан куй а болуш, даьхна шайн суьрташ зорбане даьхнера социалан машанехь. Махачкалара Савельева Наталья яра акци йолийнарг.

Куй божарийн атрибут ю

Дагестанан историн, археологин, этнографин Институтан Iилманча Мусаева Майсарат реза ю Хьабиба динчу дIахьедарна: холхазан куй даим а божарийн атрибут хилла ю аьлла хета цунна.

Нурмагомедовн дешнаш хезча, йоккхайийра ша боху цо. "Къонахаллин символ ю холхазан куй, - боху цо. – Дагестанехь цхьа наггахь бен ца духу зударша божарийн духар а, ца туьллу холхазан куй а. Дуьххьара 14-чу бIешерашкахь Тимуран эскаршна дуьхьал тIемаш латточу Патима Партуса доьхна божарийн барзакъ. Цул тIаьхьа Надир-шах тIелеттачу заманчохь божарийн духар а доьхна, зударша дуьхьало латтийра цунна. Амма хIетахь а, ца бевллачу денна тIедухура".

Мусаева реза яц, "зударша божаршкара церан барзакъ шайна дерзорна". "ХIаъ, зудчун хатI божарийн духарца ийна ду. Делахь а, битийша холхазан куй мукъна а цаьргахь", - бохуш, кхайкхамбо цо.

"Кавказ.Реалиица" къамел динчунна новкъа ду, Хьабиба толам баьккхича хазахетта ца Iаш, цо аьлла дешнаш харцахьадахарна флешмобан декъашхоша.

"Со ца кхета, оцу флешмобца хIун ала гIерта уьш?! Церан реакци - бух боцуш а, хьекъале доцург а ду. Цхьа а маьIна ца го суна цуьнца", - боху зудчо.

Махачкаларчу администрацин белхахо Алимирзаева Зайнаб а тIекхуьуш яц, хIун Iалашонца йолийнера флешмоб.

"Кавказхойн зударша холхазан куй маца лелийна? – ца кхета иза. – Вайн спортхочун агIо лоцуш, стохка гурахь ас сурт даьккхинера холхазан куй коьрта а тиллина. Бакъду, вуьшта ас цкъа а лелор бац и куй, божарийн коьрта туьллург ю иза".

Флешмоба цхьана а кепара маьIне хIума гойту аьлча, шеконаш ю Алимирзаеван.

Иза тешна ю, акци "забарца" дIаяьхьна хир ю аьлла. "Зударий божарийн куй лело хьаьгна бу аьлла ца хета суна. Йа Хьабибан дIахьедар а, цхьана а кепара провокаци йолуш дацара. Тхо долчахь зударша йовлакхаш леладо алар санна хIума ду иза", - боху цо.

Цхьаъ олуш хилла, амма багара даьлларг кхи маьIна долуш ду

"ХIаъ, холхазан куй а, герзаца чоа а деккъа божарийн духар лоруш хиллла ду. Амма тахана дерриг а ийна", - элира флешмобехь дакъалаьцначу Махачкаларчу яхархочо Гасанович Наидас.

Цо дагадаийтира, стохка Дагестанехь чоан кепехь юкъаевлла зударийн кучамаш а, бустамаш тIехь болу футболкаш а лелор.

"Хьабиб оцу доллучунна а дуьхьал хиллехь а, дуьненна а хьалха ишта дIакхайкхо вацара иза. Цуьнан дешнаша питана тесна", -аьлла, тешна ю Наида.

Журналисто Анохина Светланас дуьйцу, кар-кара оьцуш, даржийначу Хьабибан дIахьедаро шен вас ца йира, хIунда аьлча, "цу кепара деза-даккхий божарийн хIуьмалгаш кест-кеста хазарна".

"Кхардамца тIеоьцу ас цу кепара дIахьедарш, - боху цо. – Дагестанерчу бIеннашкахь холхазан куй лелочара сийзаз хIуманаш яздо соьга. Бакъду, цIераш хьулйинчу аккаунташ тIера яздо, стенна делахь а".

Цу тIе Анохинас шена дуккха а суьрташ гина боху, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу къоначу фанатца-йоIаца Хьабибан даьхна суьрташ. ХIора цуьнан латаршка йогIу иза холхазан куй а туьллий. ТIехула тIе, Нурмагомедовс совгIатна ша белла куй а бу и боху цо.

"Иза хIун ала гIиртина кхета со, амма Хьабиб цхьаъ олуш хилла, делахь а цуьнан багара даьлларг кхи ду, - боху Анохинас. – Цундела кхеташ ду, цуьнан дешнаш дукханна новкъадаьхкина хилар. Сан а дара холхазан куй тиллина, даьхна суьрташ. Флешмоба юкъа яхара со а. "Прикол" ма ю иза".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG