ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь уггар къона бахархой бу Нохчийчохь – Росстат


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан Росстат урхалло хаам барехь, махкарчу регионашна юкъахь уггар къона бахархой болу меттиг ю Нохчийчоь. Цу республикехь бехачу нехан юккъера хан ю 28,5 шо.

ШолгIачу меттехь ю Тува, кхоалгIа - ГIалгIайчоь, тIаккха ю Дагестан.

Юккъерчу барамехь уггар къена нах беха регион ю Оьрсийчохь Тамбовн кIошт (43 шо 5 бутт). Цу кеппара лакхара юккъера хан йолу нах бехачу регионашна юкахь ю Тулан а, Рязанан а, Пензан а кIошташ а, ткъа иштта Москох а.

Росстатан хаамашца, Оьрсийчуьрчу божарийн юккъера хан ю 37 шо, зударийн – 42.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG