ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаддафица къамел диначул тIаьхьа лецнарш. Муха хоьржу Оьрсийчоьно нехан пачхьалкхашна лидерш?


Рождественский Илья, Карара Хан

Совдегарца Пригожин Евгенийца юзучу РИА ФАН-о (Оьрсийчоьнан федерацин хаамийн агенталла) шен тIеман корреспонденташ бахийтина Либе, Триполехь лаьцначу Оьрсийчуьрчу бахархойх хилларг талла. Политтехнолог Шугалей Максим а (иза вевза Пригожинан структурашкахь белхаш барца), цуьнан гочдархо Суэйфан Самер а ву лаьцнарг. Стенна лецна уьш?

Буса бигинарш

Буса баьхкинчу Либин низамхоша Шугалей а, цуьнан гочдархо Суэйфан Самер Хьасан Iела а вигина бу биъ бутт. Царна бехкедо Либерчу харжамашна юкъагIортар. ХIетахь дуьйна Триполина гена йоцчу набахтехь латтош бу уьш.

Шугалей Максим – зеделларг долуш говзанча ву Пригожина кхоьллинчу структурашкахь. 2018-чу шарахь Мадагаскарехь хилла президентан харжамаш кечбеш хьийзина иза а, Оьрсийчуьра цунна вевза кхин а ши стаг а.

Формалехь йоцчу политтехнологийн штабехь лаккхара меттиг дIалоцура Шугалейс – цул лакхахь вацара оцу структурехь куьйгалхо Захарияш Олег бен (иза гойту Керлачу Хенехь долчу документаша). Мадагаскарехь баттахь бинчу балханна 450 эзар сом алапа эцна Шугалейс. Ткъа Оьрсийчохь цо бинчу балхах хууш дерг хIара ду: Петарбухарчу парламентан харжамашкахь цхьана кандидатна депутат вала гIодеш хьийзина иза 2002-чу шарахь. Цкъа, харжамийн комиссин кхеташо йоьдуш а йолуш, массех документ диина цо – уьш кхеле ца кхачийта.

Либи-- Пригожинан политтехнологаш Шугалей а, Прокофьев Александр а Либехь
Либи-- Пригожинан политтехнологаш Шугалей а, Прокофьев Александр а Либехь

Эксперт Либе вахана кхушеран бIаьстенан юьххьехь. Документаша дийцарехь, Пригожинца юзучу организацера политтехнологаш Либе лела буьйлабелла 2017-чу шарахь. Хаам баьржира хIетахь, "Вагнеран тобанера" 300 стаг вахана цига, аьлла. Ткъа 2018-гIа шо дерззале тIеман министр Шойгу Сергей либахойн маршалца Хьафтар Халифаца къамеле хууш, стоьла гонах болучаьрца вара Пригожин. Керлачу Хено зерца, Ливин агIор уггар а кIезиг 15-за тIемадаьлла Пригожина пайдаоьцуш хуьлу кеманаш.

Либи йоькъуш хьийзарш

2011-чу шарахь вохийра Либехь ал-Кхаддафи МуIаммар. Цуьнан шолгIа воI ал-Ислам Саиф дуьхьалвелира махкахь Iедал хIотталц йолчу ханна къастийначу халкъан кхеташонна. Амма Нигере вада кечвеллачохь лецира иза, набахте хьажийра, вен кхачийра 2015-чохь. Делахь а, маьршаваьккхира Кхаддафи лурчах. Цул тIаьхьа, къинхетамбеш, витира парггIат ваха.

Ал-Ислам Саиф адамаллина дуьхьал зуламаш дарна Гаагерчу дуьненаюкъарчу трибуло дIавоьхуш ву тахана а. Иза даржашкахь хилла вацахь а, боху трибулан векалша, ву шен дас динчу зуламийн декъахь.

Кхаддафи вохийначул тIаьхьа юкъара Iедал хIоттон кхин аьтто боцуш еха Либи. 2011-2014 шерашкахь тIемаш лаьттина керлачу Iедалний, вийначу лидеран агIончашний юкъахь. И тIематийсадаларш чоьхьарчу тIаме дирзира 2014-чу шарахь. Iедал шайн карахь кхобу массех политикан партеший, инарлаший.

Тахана мехкан малхбале шен карахь латтайо Халкъан Цхьааллин Iедало. 2015-чу шарахь Саррадж Файзахь премьер-министр а веш, цуьнга делира пачхьалкхан урхалла. Иза къобалво Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино а, Малхбалено а, Туркойчоьно а, Къатаро а.

Ткъа мехкан шолгIа дакъа ду Либин векалийн палатин карахь – "Тобрукера Iедал" олу цунах. Оцу декъаца ду Либин халкъан эскар, ткъа цуьнан коьртехь ву лакхахь хьахийна маршал Хьафтар Халифа. Цуьнгахьа ю Эмираташ а, Мисара а. И ши дакъа доцуш, кхин а кег-мерса территореш ю Либехь шаьш-шайна къастаелла ехаш.

Либи -- Сеиф Кхаддафи а, цуьнан агIончаш а
Либи -- Сеиф Кхаддафи а, цуьнан агIончаш а

Сарраджа а, Хьафтара а хIара шо долалуш бартбира Либин дакъош цхьаьнатоха, шо дерзале президентан харжамаш дIабахьа, амма Хьафтаран эскарш цIеххьана тIелетира Сарраджа доладечу декъанна цуьнца бина барт бешшехь.

Дийцаршка хевшира агIонаш юха а. Хьафтаре тIеман министран дарж лур ду бохура. Амма иза тоаме ца хета маршална, гарехь. Тахана а ду лаьтташ тIематийсадаларш Либин халкъан эскарний, Халкъан Цхьааллин Iедалний юкъахь.

Хьафтара аьлларг ца до

Шойгуна Либера хьал довзуьйтуш, информаци кечъечийн декъахь бу, кхиболу говзанчаш боцуш, Пригожинан экспарташ а. Царех цхьаъ ву Африкехь Оьрсийчоьно бечу балханна тIехьожучу Петарбухарчу "коьрта офисан" куьйгалхойх волу Бычков Петр. Цо кхушеран бIаьста хIоттийна Шойгуна Либерчу политикан ницкъех долу довзийтар-документ.

Оцо (копи ю Керлачу Хенехь) бахарехь, Бычковн белхахоша къамелаш дина Либерчу массо а агIонийн лидершца. Оьрсийчоьнца бартбан охьа ца хууш висина Халкъан Цхьааллин Iедалан премьер-министр Саррадж Фаиз: "иза реза ца хилла къамеле вала, кхоьру Европерчу пачхьалкхаша а, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а шена бехк билларна".

Ша кечдинчу документехь Бычковс бечу хаамца, жигара социологин болх бу дIахьош Либехь, тIеоьзна цунна медиа-кампанеш а, социалан машанаш а.

Либи -- Урдунан паччахь IабдаллахI ШолгIаниг а, Либера инарла Хьафтар Халифа а
Либи -- Урдунан паччахь IабдаллахI ШолгIаниг а, Либера инарла Хьафтар Халифа а

"Либера массо а политикан тобанаш Хьафтарна тIелеткъа, иза кийча вац боху бартбан, цара доьху Оьрсийчоьне шайна юкъа барт биллар а, оцу гIуллакхна гаранти ялар а. Амма Оьрсийчоьнан агIонна хала ду тIаьххьарчу хенахь Либин Халкъан эскаран буьйранчица Хьафтар Халифаца мотт карон. Хьафтар дагахь вац шегарчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн паспортах вала", - боху документан авторо.

Цул сов, яздо Бычковс, маршало " жигара пайдаоьцу Францино а, Эмираташа а дечу тIеман, финансийн гIоьнах", ткъа "Оьрсийчуьрчу говзанчийн кIезиг бу цуьнца болхбан аьтто".

Делахь а Хьафтара схьаоьцу Оьрсийчоьно шега кховдориг – цунна Кремль оьшу шен мах бестон а, шен политикан йохк-эцарш эвсаръяха а. "Бух бу ала, ша тоьлла меттиг ягIахь, иза хир вац Оьрсийчоьнна муьтIахь. Цундела оха хьоьху Либин махбалерчу декъехь болу массо а ницкъаш Кхаддафи Сеифан я кхечу стеган кара дIабалар", - боху Бычковс шен документехь.

2019-чу шеран бIаьста кечдина Бычковс документ. Иза кечдина даларца хьажийна Либе Шугалей а, Суэйфан а – Стамбулехула вахана иза шиъ цига. Гочдархочун Суэйфанан шина пачхьалкхан паспорташ ду – Оьрсийчоьнан а, Урдунан а, вехаш вара иза тIаьххьарчу заманахь Москвана уллерчу Люберцехь (ша вехачу гIаларчу кхеле бехк-къасторхой хоржуш дIабаьхьначу барамехь кандидат хилла иза, интернетерчу ифноформацино тоьшалла дарехь).

Царех дIакхетта Либехь бухахь хилла социолог Прокофьев Александр а. "Къоман хазанаш Iалашъен фонд" кампанин белхахой бу боху уьш официало. Оццу фонде язвина ву Бычков Петр а, ткъа фонд кхоьллина, кехаташа дийцарехь, Малькевич Александра (Пригожинан "троллийн фабрикаца" йозалуш а ю и цIе).

Либи -- Хьалифан эскаро бинчу тIеман сурт
Либи -- Хьалифан эскаро бинчу тIеман сурт

Кхаддафица цхьаьнакхетар

Малькевича чIагIдарехь, социологин хеттарш нахе дар доцург, цхьана а гIуллакхашна юкъа ца гIиртина Либехь лецна кхобурш – Шугалей а, Суэйфан а.

Малькевичан тобано документ кечдина шаьш Либе бахьинчу некъах лаьцна.

"Мохк политикан кегареша а, кхерамзалла яцаро а вуно халачу кризисе кхачийна. Ма-дарра аьлча, массех декъе екъаелла ю Либи, шайн-шайн бу церан лидерш а, Iедалш а, къанойн кхеташонаш а, тIеман баьччанаш а", - боху документо.

Цо гойту Либехь талламаш ша-тайпа кепехь бина буйла: политтехнологаш цхьанабеттабелла инарлашца а, баккхийчу хьаькамашца а, ларамечу къаношца а. Контактах къехкаш лелла Сарраджца а тIехь дина къамелаш. Либин цхьана декъан Iедалан да волчу цо сатийсам къадийна Оьрсийчоьнан-Либин юкъаметтигаш тояларехьа, дIахьедина, шен лаам бу Москох визит ян, аьлла", - яздо Бычковс ша бина болх бовзуьйтуш.

Кхаддафи МуIаммаран воIах а беттабелла оьрсийн политтехнологаш. Документо бахарехь, "Кхаддафи Сеифа элира, социалан а, гуманитаран а Iазап иккхина 2011-чу шарахь. "Либехь хIинца бац беш политикан болх, цуьнан меттиг дIалаьцна криминало. Берриг а гIурт айбинарг Малхбале ю – Цхьанатоьхна Штаташ, Британи, Франци, Итали – уьш кхоьрура Либи ницкъ болу пачхьалкх хилла дIахIоттарх", элира Кхаддафис, дуьйцу документо.

Карарчу Хене Шугалей вевзачу стага хаийтира, хIун дисина документо ца довзуьйтуш. Кхаддафига Либера ницкъаш шена тIаьхьахIиттор дехна Оьрсийчоьнан векалша, аьлла хета цунна.

Кхаддафица, уггаре кIезиг, ши цхьаьнакхетар хилла Оьрсийчуьрчу тобан – цуьнан хIусамехь, Зинтанехь. Уьш бахьанехь лецна Шугалей а, Суэйфан а, аьлла "РИА Новости" агенталле Либин инарла прокуратурерчу бехкталламийн декъан куьйгалхочо ас-Сур Сиддекъа. Шугалей а, цуьнан гочдархо а лаца массех де дуьсуш Либера дIавахар нисделла Прокофьев Александран.

Шугалей вевзачу Петарбухарчу полика Пивоваров Андрейс дийцарехь, цхьа а вац Шугалей къелхьарваккха араваьлла, цуьнан шен накъостий боцурш. Малькевича а, Пригожинан гоно а тесна витина политтехнолог.

Ала деза, Шугалейн тоба цхьаъ яц Либе бахана лелачу Оьрсийчоьнан векалех. Пригожинан структураша кхушара 1200 Либин вахархочуьнга хеттарш дина церан пачхьалкхах хиндолчух лаьцна. И болх бан махка хьажон дезна 40 интервьюер а, царна тIехIоттийна волу 6 супервайзер а. Тобано бинчу къастамца, цхьа Хьафтар Халифа хилла ца Iа либихоша лору стаг – Кхаддафи Сеифан а ю лакхара рейтинг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG