ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Велла Тяньаньмэнь майданехь даьккхинчу "Вевзаш воцу гIаттамхо" суртан автор


Студентийн дуьхьалонан акцеш Мангалан-беттан 4-гIа, Пекин
Студентийн дуьхьалонан акцеш Мангалан-беттан 4-гIа, Пекин

Велла "Вевзаш воцу гIаттамхо" сурт даккхарна World Press Photo совгIат делла хилла фотожурналист Коул Чарли. Коулан дара 64 шо.

Сурт даьккхина 1989-чу шарахь Мангалан-беттан (Июнь) 5-хь Пекинехь студентийн дуьхьалонан акцеш йолуш Тяньаньмэнь майданехь хьешан цIийнан балконтIера. Цу техь ваьккхина ву танкийн коврана хьалха лаьтта стаг. Цуьнан цIе а, кхоллам а муха хилла хууш дац.

Зорбан гIирсаша билгалдоккху, "Вевзаш воцу гIаттамхо" символ а хилла дIахIоьттина хилар, ницкъах пайда а ца оьцуш, къийсам дIабахьаран. Китайхь и сурт а, студентийн дуьхьалонан акцех дийцар а магийна дац.

1989-чу шарахь Оханан-беттан 15-хь юьйлаелла дуьхьалонан акцеш нуьцкъала демонстранташ дIасалахкарца дIайирзира Мангалан-беттан 4-хь. Китайн Iедалша пайда ийцира езачу тIеман техниках.

Официалан хаамашца цу майданехь вийна 250 стаг. Бозуш боцчу тергамхоша дийцарехь, и терахь хила мегаш ду 1000 сов эзар стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG