ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тутмакх вийна Курганерчу колонехь


Тутмакх вийна Курганерчу №2 колонехь. Оьрсийчоьнан ТаIзарш кхочушдаран федералан сервисо бинчу хаамца, иза карийна камери чохь шен меттахь, хаам бо "Медиазона" сайто.

Тутмакхан цIе йоккхуш яц. Хууш ду цуьнан 28 шо хилар а, 10 бутт болу шен йоI ерна иза чувоьллина хилар а. Берана маситтоза тоьхна хилла цо, иза делхарна.

Курганан "Область 45" хаамийн портало яздо, ницкъ а беш, и стаг кхаа тутмакхо вийна бохуш. Цо чIагIдарехь, зулам динарш дIасабаьхна тайп-тайпанарчу талламан изоляторшка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG