ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчохьчул а дуккха а хала ду Кавказехь заьIапхойн бакъонаш Iалашъян"


ГIалгIайчуьра жигархо Евлоева Лиза
ГIалгIайчуьра жигархо Евлоева Лиза

ГIалгIайн жигархочо Евлоева Лизас дуьйцу шен къарцаяларх а, гIудалкхчуьрчу шен дахарх а.

ГIалгIайчохь дика евза 29 шо долу Евлоева Лиза. Чолхе инфекци хьакхаеллачул а тIаьхьа, ша кога ирахIоьттина ю иза, ткъа хIинца гIо деш ю Лиза шен дегIан дола ца далучу, цомгашчу нахана. Кегийрхойн "Машук" форумехь хIора шарахь толам боккху цо, ткъа цигахь лучу грантех ша вовшахтоьхна Центр шаре кхиайо цо.

Лиза, дийцахьа хьайн Центрх лаций.

- Массо а агIонаш лелош, кеп-кепара функцеш кхочушъеш центр ю хIара тхан. Оха нахана мел ден гIо маьхза ду. И дозалла ду аьлла-м ца хета суна, амма бакъду йоллу Къилбаседа Кавказехь яц кху кепара проект. Тхайн карахь лицензи а йолуш ду тхо, оха накъосталла до инвалидашна деша боьлхуш а, болх нисбарехь а.

Тхан коьртачу Iалашонех ю – кегийрхой 1С олучу курсех чекхбахар а, компьютер царна караерзор а, меттанаш Iамор а. Оцу доьшийлех чекхваьллачунна сертификат а ло оха.

Хьайн дахарехь айхьа баьхначу толамех уггар а хьуна маьIне хетарг муьлхара бу?

– ХIора толамах дозалла до аса, оцу заманчохь суна Iаламат мехала а хилла уьш. Дуьйцуш товш дацахь а, дуккха а хилла уьш сан дахарехь. Царех цхьаъ билгалбаккха хало ду суна. Сан дахарехь дерриг а атта карадогIу суна олийла дац сан. Iаламат дукха къахьоьгу ас, дукха гIора а, ницкъ а оьшу суна. Могуш волчу стагначул а иттозза хала ду суна.

Делахь а, сан похIма ду хIара, со тIера ю кху айса бечу балхана. Доллу сан самукъа кхуьнца ду. Хобби хилла а ма ца Iа хIара. Тхан Центре оьхучу наха ловш йолу халонаш, зераш, и дерриге а - сан дахар ду-кх.

Жигархо Евлоева Лиза а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела а
Жигархо Евлоева Лиза а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела а

Дуккхаъчу берийн бIаьра со хьоьжучу заманчлхь, тоххарлера суо го суна цаьрца. Ишта хьал ма дара соьгахь а, школе яха йиш яцара, цхьа а суна товш йолу организаци яцара, цигахь сох кхетар болуш, тIе пIелгаш а ца хьежош.

Кху заманан тIаьхьенна айса лайнарг ца гайтархьама, сайн ницкъ мел берг до аса. Бакъду, толамаш дуккха а бу: хаьштиг даьхьна ас, цуьнца Олимпикан цIе латийна, маре яхна со, нана а хилла сох, хьаьжцIахь а хилла со.

ГIалгIайчохь кхиаме дуй заьIапхошна хIиттийна хьелаш?

– ГIалгIайчохь? Ма дарра алий вай, Оьрсийчохь инвалидашна дехкина хьелаш дукха ледара ду. Бакъду, хийцамаш а бу, бакъхьара динамика ю хаалуш. Керла хьалаен гIишлош пандусаш хIиттош ян буьйлабелла. делахь а, пандусаш ехкича дIадолуш ма доций. Лифт а хила еза, пандус тIехула хьалаваларх ма ца тоьа, нагахь санна, хьо шолгIачу гIат тIе вала везаш хилча. Дан дезарг дуккха а ду-кх хIинца а.

ХIун лаамаш бу хьан? ХIун хила лаьара хьуна?

– Сайн лаамаш кепе а балийна, Iен ца лаьа суна. Iалашонаш хьалха а хIиттош, царна тIе гIулчаш йоху ас. Аьлча а, хахкалой йоьду-кх царна тIе…Суна хила мел луург а, ас са мел тийсинарг а кхочушхилла даьлла.

Тахана Iаламат коьрта ду суна, сайн дерг карахь сацо, кхин дIа а дахаран халонашна къар ца яла, сайн толамашна тIехь ца сеца. Кавказерчу инвалидаша кест-кеста кехаташ яздо соьга. Кавказхойн менталитет ца евзачу кхечу пачхьалкхашкарчу спикершка ладегIар цхьаъ ду, амма ницкъ ло ахь дечо, лелочо. Данне а доцчу хьелашкахь кхиамаш баьхнарг хьо ю боху цара соьга.

Евлоева Лизин Центр
Евлоева Лизин Центр

Москвахьчул а хала ду Кавказехь цхьаъ лело, заьIапхойн бакъонаш Iалашъян, хIунда аьлча, кхузахь кхи специфика ю, кхи низамаш ду. Адам дIа ца доьлла, тIе ца оьцу цара шайх тера боцу нах. Со латкъамаш беш яц хьуна, Iаламат дукха беза суна сайн даймохк.

Кхечу регионехь, йа дозанал а арахьа заьIапхошна а, вуьшта жигархошна-зударшна а баха атта ду. ХIунда Iа хьо ГIалгIайчохь?

– Сан багара долуш цхьа пайда боцуш хетахь а, со цхьа йоккха патриот ю. Нагахь санна, цкъа мацца а дIаяха сан ойла хилахь а, сайн регионна а, Кавказна а сайгара цхьа пайден, мехал гIуллакхаш дитина бен гIур яцара со. Сайгара цхьа пайда хила лаьа суна.

–​ Дика цIийнда ву хьан. Муха накъосталла до цо хьуна?

– Кху беттан 14-чохь пхи шо дуьзи тхойшиъ цхьана долу. Оцу заманчохь со цуьнан кочахь бисина бала бу-кх аьлла, цкъа суна дагатасийтина дац цо. Дукха хьолахь со цIахь ца хуьлу, цхьацца барамашкахь дакъалаца дIадоьлху тхо. ЦIийнда а соьца хуьлу, цуьнгара гIо ца хилча, соьга сайга хIуммаъ а далур дацара.

Кавказан зуда шен чохь Iен еза олуш делахь а, (сан цIиндена а хета, зуда шен хIусамехь, чорпан яй а боккухш Iен еза аьлла), делахь а, шен принципашна дуьхьал велира иза. Массо а хIуманна бIаьргаш хьабдина, суна новкъарло-м муххале а ца йора цо, мелхо а дика накъост ву-кх сан иза. ХIинццал пандусаш цахиларх бала хилла а воцу иза, тахана заьIпхойн бакъонаш къуьйсу цо.

КIорггера дийцахьа "Машук" форумехь айхьа тIаьххьара йовзийтинчу проектех лаций.

– Автошкола елла езара аьлла, цхьа ши шо хьалха коьрте иккхинера суна. Ас машен лело цхьа пхи шо а ду. Оьрсийчохь заьIапхошна лерина ехкина школаш пIелгаш тIехь ягарлур ю. Йоллу пачхьалкхехь а пхиъ бен яц уьш. Инвалидашна леринчу школашкахь дешар дукха деза ду механа. Со зеделларг а долуш машенлелорхо хиларе терра, некъан низамашна Iамийна ца Iаш, ас гойтур дара гIудалкх муха дIаюьллу, паркингехь муха сацо еза машен, тIоьрмигаш муха дIасалеладо, ишта кхи дIа а.

ТIаккха, кху шарахь хьайна грант лур ю аьлла, дегайовхо юй хьан?

– "Машук" форумехь сан проекто 285 балл яьккхира, иза рекорд ю. Ас хIинццалц тIелаьцна хиллачу проектел а хала ю хIара. Бакъду, дуккхаъчара реза боцуш тIе а ийцира сан автошколех проект. Некъа тIехь дуккха а бохамаш нисло, цу юкъа заьIапхой муха гIерта бохура цара.

Лоьрийн экспертизехула чекхбовла а беза заьIапхой, машен лело бакъо йоккхуш – дуккха а къа хьега деза. Некъа тIехь могуш болчу шоферел а оьшуш ма дац тхо а.

Интервью дIаяьхьнарг "Кавказ.Реалии" порталан корреспондент Чухарова Елизавета

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG