ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таджикистане яха бакъо яц абхазхойн "йийсархочун" Зулайхонан


Абхазин лаьтта тIехь шайн доьзалхо дуьненчу валарх кхаъ хиллера дена а, нанна а, амма шо кхаьчначу йоьIан хIинцале а проблемаш ю: ша йозуш йоцу республика ю аьлла, дIакхайкхийначу махкахь йинчу Таджикистанан бахархойн йоьIан юридикан проблемаш гIевттина.

Абхази суверенитетан пачхьалкх санна Душанбес цкъа а тIеоьцуш цахиларна, йоьIан бакъо яц шен деца а, ненаца а маьршша дIасаяха. Дас-нанас дийцарехь, Оьрсийчухула Таджикистане баха йиш яц церан, хIунда аьлча, Таджикистано Гуьржийчоьнан доза лоручу Абхазехь йинчу Зулайхона кемана билеташ ца духку авиакассашкахь.

ТIаьххьарчу шина шарахь Фадхудинова Шафоатхон а, Партоев Файзрахмон а Абхазин коьртачу шахьарехь Сухумехь дехаш ду.

Доьзалехь кхин а ши бер ду церан, ткъа Зулайхо уггар а жиманиг ю. ГIишлоъяран гIирс бухкучу туьканахь киранча ву доьзалан да.

Фадхудинова Шафоатхона дагалоьцу, ши шо хьалха ша доьзалхочух тасаелча, и бер дIадаккхийта дагахь хиллера ша, амма бахархойн доккхахдолу дакъа керста нах болчу Абхазехь, аборташ йихкина ю.

"2018-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьненчу елира Зулайхо. Iедалхоша иза дуьненчу яларан тоьшаллин кехат а делира цунна. Цул тIаьхьа тхо дуьххьара Таджикистане даха тохаделча, йоIана билет ца доьхкира", - дуьйцу доьзалан нанас. Абхазица дозанехь йолчу Сочин территорехула дехьа довлуьйтур дац шу аьллера цаьрга, зудчо бахарехь.

Оьрсийчоьнан гIаланашкахь а, ярташкахь болх лоьху Таджикистанера мухIажирш бовлу-бовлуш Абхази дехьабуьйлу. Хьалхо зорбанаша дуккха а яздира, бакъо йоцуш Абхази кхача гIерта таджикхой-мигранташ дIалецарх церан территори тIехь.

Дуккха а шераш хьалха кхаьчна Партоев Сухуми. Балха тIехь кхаа чоьнах лаьтта хIусам елира цунна ваха, тIаккха сацамбира цо шен доьзал ша волччу схьабало. Меттигера климат а, адамаш а тайнера кхарна. Кхин дIоггара шийла а ца хуьлу Абхазехь, тIаьххьарчу шина шарахь Iа декъа дара.

Доккхадолу ши бер школе дахийта, шен доьзал Таджикистане юхабаха беза аьлла хета Партоевна. Амма жимахйолу йоI бахьанехь хIиттинчу проблемаша ког тесна царна.

Оьрсийчуьрчу Таджикистанан векалтехь Озоди Радион белхахоша дийцина, ПартоевгIеран доьзалехь йолчу ситуацех лаьцна. Шен цIе хьулъяр дехначу таджикийн дипломато хаамбина, цу кепара инциденташ даим а нислуш ю, хIунда аьлча, шайн бахархой Душанбен цхьана а кепара юкъаметтигаш йоцчу пачхьалкхе ши бIаьрг а хьаббой, дIаэхарна.

Дипломатин методашца уьш цигара схьабаха гIерта деза шайн тIаккха боху цо.

"Москварчу Таджикистанан векалте бовла ала цаьрга, оха гIо дийр ду. Накъосталла дийр ду церан документаш меттахIиттош", - аьлла дипломато.

Советан Iедал доьхначул тIаьхьа, Абхазино а, Къилба -ХIирийчоьно а дIахьедира, шаьш Гуьржийчоьнах дIакъаьсташ хиларх.

Амма Оьрсийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а юкъахь пхеа дийнахь лаьттинчу тIамо сихо яйтира Москвага Абхазин а, Къилба-ХIирийчоьнан а йозуш ца хилар къобалдарехь. Дуьненчуьра кIезиг пачхьалкхаш тIаьхьахIиттира хIетахь Москвана, ткъа йа Гуьржийчоьно а, йа дуьненан юкъаралло а, йа ООН-о а, и территореш йозуш ца хилар тIе ца лоцу.

«Caucasus Time» веб-сайтан коьртачу редакторо Текушев Ислама Озоди Радиоца хиллачу къамелехь дийцина, Абхазин бахархой шаьш а тишачу хьолехь хиларх, хIунда аьлча, шайн республикан бахархойн паспорташца церан таро ца хуьлу маьршша дуьне ма-дду дIасалела.

Цо бахарехь, махкарчу дукхахчу бахархоша шайн карахь лелош ду оьрсийн паспорт, некъаца дуьхьалонаш ца хилийтархьама.

"Масала, Абхази а, Краснодар а (Оьрсийчоь) къасточу террритори тIерхь йолчу Псоун дозанхойн пунктехула хIора шарахь дIасалела миллион стаг. Цаьргахь массаьргахь а оьрсийн паспорташ ду, царна тIе мухIарш хIиттадо. Ткъа Гуьржийчоьнан низамашца, бакъо йоцуш дозанаш хедадо оцу наха.

Нагахь санна, вахархочун паспорт тIехь Псоун дозанхоша тоьхна мухIар делахь, гуьржийн Iедалхойн бакъо ю, и стаг жоьпе озо.

Амма гуьржийн Iедалхоша оцу низам хьашарна бIаьргаш хьаббо. Язйина йоцчу бакъонашца и низам лелаш хила мега, цундела таIзаре ца хIиттош хила а тарло нах", - дуьйцу Текушевс.

2013-чу шарахь Таджикистанан 20 вахархочух лаьтта тоба нисъеллера Абхазехь чолхечу ситуацехь. Оцу пачхьалкхера ара ца довлало шаьш бохуш, дIахьедора цара. ХIетахь а, Москварчу Таджикистанан векалтан белхахой юкъа а гIоьртина ерзийра и проблема. Церан гIоьнца Оьрсийчу а баьхкина, цигара дIа Таджикистане дIахьовсийра уьш.

Материалан автор Озоди Радион корреспондент Ашуров Iабдулло

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG