ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь "гIемаш" леца буьйлабелла


please wait

No media source currently available

0:00 0:04:38 0:00
Линкана тIе

Холмачхой шаьш муха лоьху а, хIун билгалонашца "неIалт дахнарш" шайна Iорабовлу а дуьйцу республикерчу Iедалхоша.

Нохчийчохь дахначу цхьана кIиранчохь "бозбуанчаллаш" лелош хилла цара аьлла, Iедалхоша лаьцна, кхеле хIоттийнера ши зуда. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь сюжеташ гайтира, шаьш лелийначунна дохкобевллачу пал тосучучу зударех лаьцна.

"ГIам" ду аьлла, махкахь Iораяьккхина Ибрагимова Секинат, шегара гIо оьшуш тIееанчу зудчуьнца лацарх истори йицйина а ялале, республикехь караеана Успахаджиева Есимат. Шелковск кIоштарчу Каргалинская олучу эвлахь ехаш ю иза.

"Грозный" телехьожийлан корреспонденто дийцарехь, 40 шо гергга хан хилла, оцу зудчо "хиндерг дуьйцуш", нах Iехон.

Тийна-таьIна Iийначу Секинате хьаьжча, Успахаджиевас ша бехке ца лорура юьхьанца, "нах тIеоьхуш бацахьара, ша хIара гIуллакх лелор дацара" бохуш, кIелхьарйийла а гIерташ.

Делахь а, репортажан чакхенехь ша дохкояьлла, шена къинтIера довла а олуш, камерана хьалха кхайкхам бо цо, пал таса догIу алий, кхи шена тIе ма дуьйлалаш аьлла.

Карарчу заманчохь дIахьош талламаш бу, цо лелийначух "нах Iехон зуламаш" дара олийла дуй зуьйш.

Секинат хеттарш дан ялийначу Шелковск кIоштарчу полисхойн декъаца къамелдар ца нисделира "Кавказ.Реалиин" корреспондентан. Делахь а зIе тасаелира цуьнан Соьлжа-гIаларчу исламан медицинан центран коьртачу лоьраца, Iеламчаца Эльжуркаев Адамца.

Ала догIу, "Грозный" телеканалан эфирехь "бозбуанчаллаш" лелочаьрца къамел динарг а иза вара. Цо ма-дарра дийцира "Кавказ.Реалиига", шаьш "гIемашна тIаьхьадовларх" а, уьш лецарх а.

"Цхьана дарбане сатийсина, амма шайн ледарлонца оцу бозбуанчаллаш лелочийн карабахначу наха гIо до тхуна царна тIекхиа, уьш карон. Харцо лелош, адам хIаллакдеш, нахана бале буьйлу холмачхой, ткъа уьш хьарам ахчанаш доху нах буйла хиъча, тхоьга орца доьху наха, схьало церан адресаш а", - дийцина Iеламчас.

Оьрсийчоьнан низамашца догIуш ду аьлла, дIахьедина Эльжуркаевс, Iедалхоша шарлатаналла лелочу нахана дуьхьал доху некъаш. Зуламан Кодексан "хьарамлонех" долчу низаман 159-чу артиклна тIетовжу исламан центран коьрта лор.

"Низамехь дуккха а артиклаш ю, масала, харцонца ахчанаш дахар. Iедалхошна оха накъосталла до, и нах болу меттиг лохуш, тоьшаллаш даладо, и нах лецархьама", - дуьйцуш ву Iеламча.

Нохчийчуьра ара а ваьлла "холмачалла" лело мегий?

Нохчийн телеканалан хьалхарчу репортажехь дуьйцу Моздокерчу Мария цIе йолчу "гIомах" лаьцна. Дийцарехь, иза йолчу яхначуьра юхайогIуш лаьцна хилла Секинат шен клиентца Зулайца.

Хаттар хIутту, цаьрца цхьана хеттарш дан стенна ца ялийна Мария? Къайле ма яц, милла а хьаьгар а волуш, корматалла ма ю нохчийн полисхойн, шаьш лаьцначуьнга мукIарло дойтуш. Оцу зудчух лаьцна кхачо йоллу информаци оьцуш кхи къа хьега а ма ца оьшура церан.

Делахь а, "Моздокерчу Мариех" лаьцна шайна мел оьшу хаамаш бу шайгахь бохуш, чIагIдо Эльжуркаевс.

"Тхуна билггал хууш ю цуьнан цIе а, иза еха меттиг а. Дукха хан ю цо бозбуанчаллаш, холмачалла а лелон. Дукха нахана балеяьлла иза, тхоьга аьрзнаш дина цунна, цо Iеха а деш, шайгара ахчанаш даьхна бохуш", - дийцина Эльжуркаевс

"Кхузарчу, Нохчийчуьрчу наха латкъамаш бина оцу зудчунна, оьрсийн низамашца цуьнга хеттарш дан бакъо а ю тхан, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнан территори тIехь ехаш иза хиларна", - аьлла, тIетуьйхира цо.

Караеаний шуна и зуда аьлла, деллачу хаттарна жоп луш: "Iедалан структураш цу тIехь болх беш ю" аьлла Iеламчас.

"ГIомах тоьшийла дац"

Исламан центран коьртачу лоьро дийцарехь, стаг "бозбуанчалло" лаьцна ву йа вац хуийла ду цуьнгарчу симптомашца. Масала, корта лазарца, гIодаюккъе лазарш хьийзарца, куьйгаш а, когаш а лахарца, са дукъдаларца, депрессица, Iеттон дог эхарца, даим а ша цхьаъ виса лаарца бохуш, охьадагардо цо.

Эльжуркаевс бахарехь, "неIалт" дахначу нахана кест-кеста шаьш бух боцчу бердах оьхуш, гIенаш го. Ишта дуьхьалтуьйсу царна гIенах жIаьлеш а, текхаргаш а.

Холмачхойн карах зенаш дина нах "бIеннашкахь хилла ца Iа, эзарнашкахь бу" боху къамел динчо.

"Тхан исламан центре оьху цара Iехийна нах. Эзарнашкахь масалш ду тхан. Цхьа стаг веанера суна тIе. Ас теллира цуьнан могушалла. Ас хоьтту цуьнга, лоьрашна тIе стенна ца воьду хьо? Цо боху: цхьана зудчунна тIеихнера со, цо хиш делира суна, цхьа кехаташ дагийра. ХIинца масех шо а ду со лела ца лун боху цу стага. Ишта эрна шен хан яйина ца Iаш, ахча а дайина цо, шен цамгар кхи а тIе а дарйина. Цу кепара хиламаш дуккха а бу", - дагалоьцу Адама.

"КъорIан тIехь яздина ма ду: "холмачхочух" теша мегар дац, цо дина тоба Дала тIе а лоцур дац аьлла. Оццул тIаьхьало йоцуш ву-кх и стаг. Низамаш ца дохош бан беза ша бен болх. ТIейогIучу заманчохь ишта болх бан дагахь ду-кх тхо", - аьлла, дерзийна шен къамел Эльжуркаевс.

Материалан автор "Кавказ.Реалиин" корреспондент Романова Софья

Гочдинарг Димаева Лиза

Хьажа комменташка

Iедалан а, динан а коьртехь болчу Нохчийчуьрчу хьаькамашна кест-кеста ло "академик", "профессор" цIераш. Уьш мел лараме, йогIуш ю?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG