Бакъоларъечу "Iазапна дуьхьалояран комитето" а, "Агора" а юкъараллашкарчу юристаша Европан кхеле делла 2016-чу шарахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанашкахь журналисташна, бакъоларъярхошна тIелатарца доьзна арз.
Европан конвенцица а догIуш, Оьрсийчоьно дохийна Iазапах стаг ларвен а, хетарг ала йолчу бакъонан а, зулам дуьззина талла декхаредеш долу а низамаш, боху кхелебевллачу юристашна.
"Оха пхеа арздархочун цIарх дIакхачийна Европан кхеле документаш: уьш бу ши журналист, ши бакъоларъярхо, микроавтобус лелорхо Плиев Бешар а. Цул сов, "Агорас" чуделла аьрзнаш кхаа журналистийн цIарх, оцу журналистех цхьаъ Норвегера ву. Массо а аьрзнаш цхьаьна дозало, дина зулам юкъара хиларна. Цундела Страсбурго уьш массо а цхьана девне дерзо а тарло", - дийцира "Кавказ.Реалиига" "Iазапна дуьхьалояран комитетерчу" юриста Ванслова Екатеринас.
"Оццул гIарадаьлла зулам сихха толлур ду моьттура тхуна. Журналисташ, бакъоларъярхой чохь боьлхучу автобусна дина тIелатар талла долийра Iедало шолгIачу дийннехь. Амма ша таллам кхаа шарал а сов бахбелла, ткъа ца гайтина тхуна талламчаша ур-атталла шаьш кечдина кехаташ а. Оцу бахьаница оха тахана Европан кхеле хьовсийна аьрзнаш, латкъамбина тIелеттарш билгалбаха де доцчу пачхьалкханна дуьхьал", - элира Вансловас.
2016-чу шеран бIаьста, Зазадоккху-беттан 9-чу дийнахь, бевзашбоцу нах шина республикан дозанехь тIелетира журналисташна, бакъоларъярхошна, ягийра автобус, йиттира чохь мел хиллачарна, лечкъийра церан хIуманаш, белхан техника.
ГIалгIайчоьнан талламан комитетан урхалло бехктакхам айбира оцу хиламан хьокъехь. "Дов сихха таллар низамхошна юьхькIоме ду", иза чехкка дерзор ду, бехкенаш схьалохур бу, жоп а доьхур ду, элира хIетахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира а берзийра Iедалхойн тидам хиламна тIе, амма бац айдинчу девнехь ур-атталла бехкеболу нах а.