ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара "Гранд-Парк" ю йогуш


Соьлж-ГIалара "Гранд-Парк" ю йогуш
please wait
Embed

No media source currently available

0:00 0:02:08 0:00

Соьлж-ГIаларчу йохк-эцаран а, садаIаран а «Гранд-Парк» центрехь цIеяьлла еарин сарахь. «Центран лахарчу гIат тIерачу цхьана туьканах летта цIе, кхераман шолгIа категори хIоттийна оха, тIеоьзна цIейойу техника», - аьлла орцанхоша. 12 техника а, 50 цIеяйархо а ву, цо бахарехь, бохам шор ца болуьйтуш хьийзаш. Йогучу чоьнийн дукхалла цкъачунна хьехош яц. Амма социалан машанашкахь даьржинчу видеотоьшаллаша а, Маршо Радион меттигерчу хьасташа а дечу тоьшаллица, «Гранд-Паркан» 700 квадрат-метр меттиг дIалоцу карарчу ханна а йогIуш лаьттачу цIаро. 42,4 эзар кв. метр ю "Гранд-Парк, 300 машен тарло цунна бухарчу а, гонахарчу а меттигашка. 1-чу а, 2-чу а гIатташ тIехь ю туьканаш, кхоалгIачу гIат тIехь - кинотеатр, берийн синкъераман центр а, ресторанаш а, кафеш а ю. 4-чу г1атто д1алоцу Къилбаседа Кавказехь уггаре йоккха ларалуш йолу берийн центр "Лайк Лейнд".

XS
SM
MD
LG