ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Серноводскан кIошт" ю хIинца Соьлжан кIоштан цIе


Нохчийчоьнан парламенто шен 81-чу гуламехь кхочушдина Соьлжан кIоштан депутатийн кхеташоно шайн кIоштан цIе "Серноводски" цIарца хийцар доьхуш дина дехар. Оцу хьокъехь хаамбина шен Instagram-ехь парламентан спикера Даудов Мохьмада.

"Депутаташ, цхьаъ санна, резахилла Нохчийчоьнан Соьлжан кIоштан цIе "Серноводски" цIарца хийца", яздина цо.

"Соьлжан кIошт" цIе лелош ши кIошт яра ул-уллехь – Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Оцу бахьаница хьахочун билгалдаккха дезаш нислора, муьлха кIошт ю юьйцург.

Кхин цхьа керла хилам а бу Нохчийчоьнан парламентехь – шен декхарш кхочушдан волавелла керла депутат Зубайраев Леча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG