2020-гIачу шеран аьхкенан Олимпиаде ца йита тарло Оьрсийчоь. Дуьненаюкъарчу антидопинган агентстве (WADA) ша материалаш дIаялале, уьш Москварчу антидопинган лабораторино хийцина, аьлла хета эксперташна. Оцу хьокъехь хаамбина, шен хьасташна тIе а тевжаш, The Telegraph газето.
WADA тешна ю, шен спортхоша допингаш лелор хьулдеш, Оьрсийчоьно тIаьххьарчу цхьана шарахь эха шарахь и тайпа кийтарлонаш лелийна хиларах, боху газето.
Москварчу лабораторин балхах лаьцна Токиохь хинйолчу кхеташонехь WADA дийца кечлучу юкъанна баьржина и хаам. Оьршоьтадийнахь хила езаш ю кхеташо.
2015-чу шарахь Макларен Ричардан йозуш йоцчу дуьненаюкъарчу комиссино яьккхира РУСАДА шегарчу бакъонах, Оьрсийчуьрчу спортхоша допингех пайдаоьцуш хилар цо хьулдарна. 2018-чу шарахь юхаелира и бакъо.
Оьрсийчоьно даредира Москвара антидопинган лаборатори бехке хилар, амма бакъ ца дира спортхой зуьйш хIиттийна материалаш пачхьалкхан къайлахчу сервисаша хийцина бохург.