ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхан книгаш Iовдалшна хьажийна яц"


Котляров Виктор

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:05 0:00
Линкана тIе

ХIинжа-ГIалахь хилларчу "Тарки-Тау" книгийн ярмаркехь дакъалоцуш яра "Издательство М. и В. Котляровых" олу зорба туху компани. Цуьнан долахочо Котляров Михаила дуьйцу шайна хьалха лаьттачу халонех лаьцна.

–​Тахана са йолуш гIуллакх дуй книгаш арахецар?

–1992-чу шарахь тхо дIадуьйлалуш иза пайда бохьуш гIуллакх дара. Хьалхара книгаш оха арахецара 100-200 эзар. УЬш ерш йохкалора.

Амма дуьххьара дуьйна оха ахча даккха Iалашо ца хIоттийнера. Тхан кхин Iалашо яра. Иза дара Оьрсийчохь Кавказ, ткъа Кавказехь кхузахь деха къаьмнаш довзарна гIо дар.

Цу заманчохь оха зорба тоьхна арахецна 4 эзар сов книга. Уьш ерш а кхузахь дехачу къаьмнех лаьцна ю. ХIинца и бизнес пайда ца бохьуш хилла ца Iаш хазанеха санна са йоцуш ю. Халла болх беш ду тхо. Редакцин политика хийца езаш хила а мега, ткъа хIун хуьйцур ду, нагахь книга хIинца оьшуш ца хилча.

Тхан книгаш Iовдалчу наха хьажийна яц. Цара шайна тIехь вуно боккха болх бар доьху. Тхан типографи дукха жима ю – верриг 5 стаг. Кечйина тоьлла дикалла йолу книга арахеца вуно къахьега оьшуш хуьлу. Оха болх бечу шерашкахь Iедало цхьа а кепек ца елла тхуна, тхан проекташна, оха мел дехарш дарх. "Дика кIант ву хьо, Виктор, сий долу гIуллакх ду ахь дийриг", алар а бен, кхин деш гIо дац. Амма ас латкъам ца бо, суна хаьа, халахан дIайоьрзур ю, ткъа книга юьсур ю.

–​ Са йохьуш гIуллакх ца хилча, пачхьалкхо гIортор еш а ца хилча, муха еха шуьниг санна долхаь йолу типографеш?

– Долахь йолу типографеш оццул дукха а яц. Оха, масала, арахоьцург ю леррина литература. Иза дукха лардамза, дукха атта литература ю, амма ахча долчу нехан литература ю. Юкъаралла тIеоьцу иза, из аду оха иза а арахеца еза бохург. Цунах даьккхинчу ахчанах оха пайда оьцу тхайн книгаш арахоьцуш. Ткъа цара аьтто бон тхан цхьана оха билгалдаьккхинчу тIегIанал а цу книгин дикалла охаьа ца ялийта.

–​ Книгаш йохкарца доьзнарг муха дIахIоьттина ду шун?

– Иза хала хаттар ду, хIунда аьлча книгаш дIасаяхьийтар а, уьш йохкар а доьхна ду ерриг а пачхьалкхехь. Иза Советан пачхьалкхехь яра. Масала, Къилбаседа Кавказ вуно къаьстина ю, Москох кхузара книгаш хила а ца хуьлу.

Амма Дагестанехь вуно дукха книгаш ю, делахь а типографийн вониг ду, цара тидаме оьцуш шайн истори а бен ца хилар, цара кхин кхиа ца до и гIуллакх.

Дуккха а книгаш ю Дагестанехь санна наха йоьшур йолу Москох а, кхечанхьа а. Амма литература циггахь хьийзаш ю, кхечанхьа дIасайоьдуш яц, иза яржораш цахиларна. Олуш ма хиллара, тхан муттана юкъахь кхехкаш дут хо, и книгаш кхузахь юьсуш ю. Цу кепара нисло хIирийн шайн ттература хилар, гIабартойн шайн литература хилар, ткъа яздархой бац.

ХIинцца Ульяновскехь хилира ерригоьрсийчоьнан къона яздархойн семинар. Со хажира цигахь дакъалоцурш муьлш хилла. Литература тидамехь латтош волчу суна аа ца вевза царах цхьа а. Сийлахь-баккхийн яздархой хила а мега, амма тхуна ца бевза уьш. Дерригкъоман литературан процесс йохаран билгало ю иза. Вайна вевза Дагестанехь Гамзатов Расул, евза Алиева Фазу, амма кхин дIа яьссалла ю.

–​ Ткъа хIун да деза?

– Къаьмнийн литературана гIорт ян еза Iедало. Вай кегийрхой кхиабо даймехке безам хилийтарца, бахарх тоьаш дац. Иза тIечIагIдан деза билггал долчу хIуманца, ткъа и билггал дерг доцуш ду.

"Тарки-Тау" ярмаркехь къовсам дIабаьхьира "Схьаелла бага" цIе йолу. Иза вуно сингаттаме сурт дара. Экрана тIехь гойтург деша дезаш дара. Дешнаш ца хаьа, дешнийн тохарш мичахь хIитто еза ца хаьа. Кхузе лаьхкина студенташ балийнера. ТIех бовлуш книгаш йолчу агIор бIаьрг а ца туьйхира цара.

Кхин а цхьа хIума. Бераш дара шаьш язйина байташ еша дезаш. ЛадоьгIуш волчу суна хууш яра и байташ, уьш аьттехьа а яцара цара язйина. Кхузахь бехкбаккха мегар ду хIара гIуллакх вовшахтоьхначаьрга. Амма хIун дийр ду цара? Цаьрга вовшахтохалур ду гIуллакх. Кхузахь бехке пачхьалкх ю, кегийрхой тесна битина йолу. Цу кепарчу тIех аттачу кепашца литературе безам кхоллалур бац.

–​ Канжалан тIамах лаьцна хьан книга ГIебартойн-Балкхаройчохь реза боцуш тIе хIунда эцна дуккха а наха?

– Иза иштта тIеэцна цхьана декъана иза язйинарг, гIебарто а воцуш, оьрсий хиларна. Кхузахь харжа езаш яра цхьа агIо. Ткъа сан агIо цхьаъ ю. И агIо ю бакъдерг.

Историна дуьхьал воьдийла дац сан. Иза хилларг ду. ДIадаханарг дIадаханарг санна тIеэца деза, таханлерчу денна тIенисдан а ца гIерташ. Цо новкъарло йон. Цул тIаьхьа сох мостагI вира балкхаройн халкъан. Балкхарой реза бацара ас гIебартлошна там барехьа туьдуш ю истори бохуш, иза данне а бакъ дацахь а.

Кхачам боллуш Iамош а, лелош а буй ненан мотт Нохчийчохь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG