ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхоллам муха бу хууш дац


Сельментаузене боьдучу некъаца билгало
Сельментаузене боьдучу некъаца билгало


Европан адамийн бакъонашкахула кхело декхарелахь йина Оьрсийчоь 920 сов эзар евро компенсаци яла, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцна дIавигинчул тIаьхьа вайначу 10 нохчочун гергарчарна.

"Байсултанова а, кхин берш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакх а къастийна, Европан адамийн бакъонашкахула кхело сацам бина Оьрсийчоьнан Iедалша Европан адамийн бакъонаш ларъяран конвенцин маситта артикл йохийна хилар х лаьцна. Царна юкъахь ю адаман ваха йолу бакъо а, адаманна тIехь Iазап латтор дехкарца йоьзна бакъо а, маьрша хила йолу бакъо а, эвсаре таллам дIабахьа йолу бакъо а.

Доьза байначеран гергарчу нехан латкъам Страсбурге чулуш гIо динера "Правовая инициатива" проектан а, "Нохчийчоьнан наной" юкъараллин вовшахтохаран а юристаша. Европан кхело бинчу сацамехь билгалдоккхуш ду нохчийн лечкъийна хилар буьззинчу барамехь Оьрсийчоьнан федералан эскарша Iуналла дечу кIошташкахь.

Гергарчарна хIинца а ца хаьа доьза байначу нехан кхоллам муха нисбелла. Низамаш лардон органашка динчу дехарша гIо ца дина байна нах карор Iалашонца. Официалан кепара болийна хилла талламаш маситтоза юкъахбаьхна, цхьа а дохьуш жамI а доцуш. Адамаш лечкъийнарш муьлш бу ца къастийна.

Кхело билгалдаьккхина Оьрсийчоьнан Iедало даре деш хилар Нохчийчохь адамаш дар, амма Iедал къера ца хилла иза динарш шайн эскархой хиларна.

Иштта, АдамовгIера ши ваша 18 шо долу Руслан а, 21 шо долу Супъян а лачкъийна 2001-чу шарахь. Сельментаузенехь лаьцна дIавигина и шиъ, тIеетталуш йолу нана герзаш детташ юха а яьккхина. Верриг и шиъ лачкъош дакъалоцуш хилла ткъех тIеман барзакъ доьхна туьтмаьжгаш йоьхкина герзаца волу стаг.

Кхин а ши кIира гергга хан яьлча гергарчаьрга кехатан цуьрг кхаьчна шина кIантера. Нохчийн маттахь яздина хилла цу шиммо "Дон-2" эскаран декъан кертахь латтош ву шаьшшиъ аьлла.

Кхин а 3 бутт баьлча Шелан кIоштан милицин белхахочунна вевзина ши ваша нанас гайтинчу сурта тIехь. Цо хаам бина шена и шиъ ФСБ-н кертахь гира, улле хIоттийна ха а долуш, нехаш дIакхисса араваьккхина аьлла. Цо дина тоьшаллаш тIечIагIдинера кхин а шина милцочо.

Вежарийн АдамовгIеран нанас дийцарехь, тIаьхьо цуьнан аьтто баьлла хиллера шен ши кIант ларвеш хиллачу ФСБ-н белхахочуьнца къамел дан. Цунна а вевзина хилла сурташна тIехь Руслан а, Супьян а, амма цо шен дан хIума а дац аьлла, и шиъ кестта я Нальчике, я Моздоке дIавуьгур волуш ву аьлла. Шина вешех хилларг хIун ду хууш дац хIинца а.

Доьза вайначу 10-х кхин а 5 стаг ву цхьана эвлара. Уьш байна ала мегар ду цхьана хеннахь. 2001-чу шеран ГIуран-беттан 30-хь дуьйна 2002-чу шеран Дечкен-беттан 2-чу кхаччалц Куршлойн кIоштарчу Цоцин-Эвлахь "зачистка" олу талламш беш хилла Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан чоьхьарчу эскаран дакъош. Юрт гоне лаьцна хилла тIеман техникица. Эвлан йистехь кхоьллина хилла "фильтрацин" олу меттиг. Цига буьгуш хилла Цоцин-Эвлахь лоьцу нах.

Цу юртахь "зачистка" ечу хьалхарчу дийнахь тIематасадалар хилла, цхьана хIусаманна таллам беш. Цу чохь хиллачу нохчийн тIемалоша вийна 4 оьрсийн эпсар а, салти а. Кхин а 8 чевнаш йина хилла. Цу чохь хилла болу берриг нах а байина, цIенош а дагийна.

ТIематасадалар дIадирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан эскархой чулилхина хилла луларчу МагомадовгIеран доьзал бехачу хIусамна. Цара лаьцна фильтрацин пунке дIавигина 25 шо долу Магомадов Шайх-Ахьмад а, цуьнан гергара 5 стаг а.

ШолгIачу дийнахь берш а дIахецна, Шайх-Ахьмад воцург. Гергарчара дуьйцу, иза тIаьхьо дIахоьцур ву аьллера шайга бохуш. Амма цуьнах хилларг хIун ду хууш дац хIинца а.

Кхин а цхьа шо даьлча бехктакхаман гIуллакх долийра Магомадов лохуш. Амма иза теллина чекхдаьккхна дац хIинца а. Магомадов Шайх-Ахьмад лоьхуш Страсбургерчу кхеле латкъам бинера цуьнан нанас. Иза елира 2016-чу шарахь ГIуран-баттахь.

Магомадов вайначу дийнахь доьза вайна Цоцин-Эвлара вахархо Исраилов Хьамзат. Иза а хилла оццу фильтрацин пункте дIавигина.

Страсбургерчу кхелан сацамехь аьлла ду 2001-чу шарахь ГIуран-беттан 31-чу дийнахь полицин белхахочо хаам бина хилла гергарчу нахе цу эвларчу цхьана кертахь дакъа карийна шена цуьнан дегIаца хилла Исраилов Хьамзатан делла паспорт аьлла. Амма дакъа хьена ду официалан кепара къастийна ца хилла. 2002-чу шарахь бехктакхаман гIуллакх долийна Исраилов вер хьокъехь. Иза чекхдаьккхина дац.

2002-чу шарахь Дечкен-беттан 1-чу дийнахь доьза вайна Цоцин-Эвлара дIавигина БайсултановгIера 3 ваша – Ахьмад а, Хампаша а, Сулиман а. Керта лилхинчу эскархоша (хилла лаххара а 60 стаг) лебан буьгу аьлла дIабигина вежарий. 2002-чу шарахь Оханан-баттахь прокуратуро бехктакхаман гIуллакх долийна хилла вежарий БайсултановгIара доьза бар хьокъехь, амма иза ца теллина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG