ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин экс-президент Ширак Жак кхелхина


Францин хилла президент Ширак Жак.
Францин хилла президент Ширак Жак.

87-гIа шо доладелла Францин хилла президент, премьер-министр, Парижан мэр Ширак Жак велла. Франс Пресс агенталлао бина и хаам, цуьнан доьзало бинчу хаамна тIе а тевжина. 1995-чу шарера 2007-чу шаре кхаччалц Францин куьйгаллехь вара Ширак. Цул хьалха 18 шарахь Парижан мэр вара иза, Жискар д'Эстене Валери а, Миттеран Франсуа а президенташ болчу хенахь премьер-министран даржехь вара иза.

1960-гIа шераш дуьйладелча волавеллера Ширак политикан карьера ян. Къоналлин шерашкахь оьрсийн мотт Iамийнера цо, францхойн матте яьккхинера Пушкинан "Евгений Онегин"а, дика юкъаметтигаш яра цуьнан Оьрсийчоьнца.

Цкъачунна къастанза дуьсу маца, стенгахь дIавуллур ву Ширак Жак.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG