ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъан хьовзамехь кхиазхочун карах 7 шо долу бер делла


Нохчийчуьрчу кхиазхочо урхалла ден машен тIекхетта велла 7 шо долу кIант. Республикан прокуратурано талламаш дIахьо оцу инцидентна гонах. Маршо Радионо яздира, дахначу кхааридийнахь Комсомольское олучу эвлахь 18 шо а кхачазчу кхиазхочо Форд Фокусан урхалла дечу заманчохь некъатIехула дехьаволучу 7 шо долчу кIантана тIе машен тоьхна аьлла. Чолхечу чевнашца Соьлжа-гIаларчу лоьмар 2 йолчу дарбан цIийне валийна хиллера жима кIант.

Керлачу хаамашца, дарбан цIийнехь кхелхина и бер йинчу чевнех. Прокуратурано талламаш болийна хиллачу бохамна тIекхиа Iалашонца. Ишта мах хадор бу кхиазхочуьнга машен а елла, дас-нанас иза дIахецаран а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG