Канцлер хиллачун консервативан партино харжамашкахь толам баккхар даздо Австрехь
Дахначу кIирандийнахь парламентан харжамашкахь Австрин Халкъан партина кхаьчна уггар алсам кхаьжнаш. Амма уьш тоаме дац шеггара Iедалхой вовшахтоха. Коалици кхуллуш процесс ю хIинца дIайолош. Хетарехь, юха а канцлер хIуттур ву Курц Себастьян. Хьалхо шегара дарж охьадилла декхар вира иза, вице-канцлер Штрах Хайнц-Христиан юкъахь волуш скандал иккхинчул тIаьхьа.