ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

20 шо кхаьчна Нохчийчохь 2-гIа тIом болабелла


20 шо хьалха Гезгмашин-беттан 30-чу дийнахь Оьрсийчоьнан танкаш, доза а хадийна, чуяхара Нохчийн Республикана. Иза лоруш ду, Кремло Къилбаседа Кавказера "Контртерроран операци" аьлла цIе тиллина, Нохчийчуьра ШолгIа тIом болабелла де.

Жигара тIемаш хилира республикан территорина тIехь 1999-чу а, 2000-чу а шерашкахь. Амма "Контртерроран операцин" раж дIаяьккхира 2009-чу шарахь Оханан-баттахь.

Нохчийчохь ШолгIачу тIамехь байинчу нехан терахь хIинца а билггал хууш дац. Оьрсийчоьнан тIеман министраллан официалан статистикица а догIуш, 1999-2008-чу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь вийна 3684 эскархо, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло далочу терахьашца иштта вийна 2 эзар сов чоьхьарчу эскаран салти а, эпсар а а.

Оьрсийчуьрчу "Салтийн наной" вовшахтохаралло чIагIдарехь, и тарахьаш шозза лахдина ду.

2001-чу шарахь Чиллан-баттахь бинчу официалан хаамца, тIом боьдуш вийна лоруш вара 1000 маьрша вахархо. Амма Amnesty International вовшахтохаралло дийцарехь, тIамехь вийна 25 эзар гергга маьрша вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG