ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

12 500 соьмал лахара ахчанах бехаш бу 40% Оьрсийчоьнан бахархой


Баттахь тIедогIучу ахчанан барам субъективан къоьллан киртигал лахар а болуш хене бовлуш бу 40% Оьрсийчоьнан бахархой. Цу киртиган бахархоша шаьш билгалбаьккхина барам бу 12 500 сом. Иштта ду Товбецан-баттахь "Левада-центро" бинчу талламан жамI.

Цуьнца цхьаьна респонденташа билгалъяьккхина субъективан къоьллан киртиг лакхара нисйелла Iедало хIоттийначу дахаран минимумал а. 2019-чу шеран шолгIачу кварталехь иза яра 11 200 сом.

Рсстато далочу терахьашца, кхушеран 6 бутт схьаэцча, 20 гергга миллион Оьрсийчоьнан бахархой хене бовлуш бу, дахаран минимумал а лахара тIедогIуш рицкъ а долуш.

"Левада-центро" шен талламана юкъаозийначу нахана (1600 стаг) хетарехь, лортIехь ваха стагана хIора баттахь оьшучу рицкъан барам бу 38 100 сом. Оьрсийчохь оцул а алсам ахча доккхуш бац 7 процент бахархой а бен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG