ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн карахь дац нускалш дIасадекъар


Оьрсийчохь кест-кеста айдой дуьйцу шалха зударий кхийларх. Къилбаседа Кавказехь, юха ГIезалойчохь а, Башкортостанехь а, ур-атталла, Москвахь а цхьана политикан а, динан а дайша хьоьху полигами къобалъян еза бохуш. Къаьcттина тIера ву цунна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Бусулба мехкашкахь шиъ-кхоъ зуда ялор низамца чIагIдарна резахилла кху деношкахь Оьрсийчоьнан Юкъаралан палатан а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах адамийн бакъонаш Iалашъяран Кхеташонан а декъашхо Солтаев Мансур.

Оьрсичоьнан низамаша зударий кхийлар дихкина долушшехь, кху кепара дIахьедар дуьххьара дац.

1999-чу шарахь ГIалгIайчоьнан президент хиллачу Аушев Руслана омра арахийцира шалха зударий балон магош. Оьрсийчоьнан президентан Ельцин Борисан инициативаца кхин хьем ца беш, дуьхьало йира Аушевн сацамна, ткъа ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело цхьа шо даьллачул тIаьхьа тIечIагIбира и бехкам. Барт ца хилира церан, хIунда аьлча, 1996-чу шарахь Оьрсийчоьнан Бехкзуламан кодексера ши зуда кхобучунна таIзар деш артикл дIаяьккхинера.

Цхьацца хен мел йолу цу кепара дIахьедар кхочура ГIезалойчуьра а, Башкортостанера а, ишта кхийолчу оьрсийн регионашкара а. Цигахь къийсадаьхна дукха зударий кхийлар дехкаран бахьанаш.

Ши зуда хиларна дуьхьал вац Оьрсийчоьнан политик, ЛДПР-н лидер Жириновский Владимир а.

Полигамин тема тIехсов йийцаяккхарна Оьрсийчоьнан Конституцин кхел декхаре хилира 2007-чу шарахь ши зуда долаерзор доьхкуш сацам тIеэца.

Зударий кхийлар къуьйсучу хенахь башхалла стенца ю аьлча, и тема цхьаммо йийцареярца, йа къийсарца доьзна дац, федералан низамо магийта оьшуш а доцуш, дукха зударий балор юкъахь лелаш дерг хилар ю башхо.

2000-гIа шерийн юьххьехь Нохчийчохь керла бевллачу "Оьрсийчоьнан турпалхоша" хьулдеш дацара, шайн масех хIусамнана хилар. Йозуш йоцчу Ичкерина дуьхьал шайн байракх бухахь уьш хилчхьана, Iедалхоша бIаьргаш хьабдора дуккха а хIуманна.

Официалан статистикаца а догIуш, 2002-чу шарахь 51, 7 процент бара Нохчийчохь божарий, ткъа зударийн терахь 48, 3%. Демографин проблема ю а олийла дацара.

Йоллу Оьрсийчохь 35 шаре бевлла божарий алсам бу зударел а. 2014-чу шарахь Нохчийчуьрчу 1000 боьршачу стагна кхочура 1034 зуда, ткъа Оьрсийчохь юккъерчу барамехь аьлча - 1146 зуда.

2006-чу шеран Дечкен-баттахь, ша республикан вице-премьер волчу заманчохь Кадыров Рамзана дIахьедира "демографи" лакхаяккхархьама цхьана стагна масех зуда яло бакъо яла еза аьлла. Зударий божарел а алсам бу бохура цо, амма цхьана а кепара терахьаш ца далийра, ша дуьйцург бакъдеш, йа цхьаммо а ца хаьттира цуьнга, оцу зударшлахь маса ю бер дан хан йолуш аьлла.

2009-чу шарахь юха а дийцадоккху Кадыровс зударий кхийларх, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Юкъараллан палатас юкъараллехь хеттарш дан деза элира, царна хетарг зуьйш.

Бакъду, информаци ца хилира, ладегIарш а хилла, юкъараллан хьажам а бевзина аьлла.

2011-чу шарахь шен позици кхин тIе а чIагIъеш, Кадыровс билгалдаьккхира, "ша дукха чIогIа реза ву" шалха зударий кхийларна. Шен доьзал дIа а тесна, къайлах юьстах кхечу зудчунна тIеоьхучул а гIоле ду, массарна хаа а хууш, долахь хIусамнана хилар элира цо

"Шен зудчун сий дойуш, къайлах цхьанхьа езар а лаьцна, цунна совгIаташ а деш, шен доьзална эшам бечул а массарна а хууш зуда долаяккхар гIоле ду", - аьлла, дIахьедира Кадыровс.

17 шо хиллачу Гойлабиева Хедин (Луиза) а, 57 шо долчу Гучигов Нажуда а ловзар а ца дисира шалха зударий кхийларх долчу хаттарх хьакхадаланза. Бухахь зуда йоцуш вацара 17 шо долу йоI маре юьгу гIеметтахIоьттина стаг.

Зударий балорах тIаьхий-хьалхий провокацин дIахьедарш а деш, нохчийн куьйгалхочо иркарахIиттавора массо а. Масала, 2018-чу шарахь элира Кадыровс ЗАГС-ехь регистраци яр шинна юкъахь тешам цахилар ду аьлла. Цо юха а тIечIагIдира, Оьрсийчохь шалха зударий балор магийта дезаш ду аьлла, хьалхалеррачу ойланца ву ша аьлла, билгалдоккхуш.

Социалан машанашкахула аудиош яьржира, хьаькамашка а, чоьхьарчу гIуллакхийн белхахошка а шолгIа хIусамнаной балабе бохуш, кхайкхамаш беш.

Республикерчу муфтиято а, полисхойн урхалло бакъ ца дора и хаам шайн пурбанца баьржина хилар. Изза хабарш долийра динан урхаллан цIарах луларчу ГIалгIайчохь а.

Республикехь дийцарш хуьлу, маса зуда ю-те шен, Кадыровн бохуш. Эладитташ кхууьш, даьржа мехкан куьйгалхочун доьзалехь бераш алсамдовларца а.

Кху гуьйренца юха а йоккха IалагIож гIаьттина "Новости" агенталлана интервью лучу Москварчу муфтийс Аляутдинов Ильдара Оьрсийчохь дукха зударий балор низамца чIагIдан деза аьллачул тIаьхьа. Цу кепарчу дIахьедарца дуьххьара дац иза вистхуьлуш. Оьрсийчуьрчу муфтийн Кхеташонан муфтий волчу Гайнутдин Равилан пурбанца лелаш ву иза.

Оьрсийчоьнан доьзалан кодексехь хийцамаш бан гIертачаьрца тIейогIучу заманчохь дукхазза Iитталур бу пачхьалкхан бахархой. Бахархошлахь бусулба дакъа чIагI мел лун, Оьрсийчоьнан йоллу сегментехь а и проблема юьйцучех коьртаниг хир ю Оьрсийчоьнан пачхьалкхан институташкахь.

Материалан автор ву "Кавказ.Реалиин" корреспондент Саидов Тимур

Хьажа комменташка

Iедалан а, динан а коьртехь болчу Нохчийчуьрчу хьаькамашна кест-кеста ло "академик", "профессор" цIераш. Уьш мел лараме, йогIуш ю?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG